«Вашингтон пост»
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Ва́шингтон пост»[3] (инг. The Washington Post — Вашингтонан пошта) — америкин хӀор дийнан газет ду. Арахоьцу Вашингтонехь. Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн нана-гӀалин уггаре доккха газет ду, иштта къена, Ӏаткъам болу газет санна лоруш ду. Газето арахоьцу чехка йолу керланаш, къоман а, халкъашна юккъера а темийн репортажаш, очеркаш, комментареш.
Доца факташ The Washington Post, Тайпа ...
The Washington Post | |
---|---|
Тайпа | хӀор дийнан газет |
Формат | А2 |
|
|
Кхоьллина | Стилсон Хатчинс |
Мотт | Ингалсан мотт[1][2][…] |
Коьрта офис | Вашингтон |
Веб-сайт | washingtonpost.com/?relo… |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
«Демократи боданехь ле» ю газетан лозунг, 2017-чу шарера дуьйна цуьнан коьрта цӀе йолчехь яздо и дешнаш[4].
Газетна 47 Пулитцеран совгӀат делла, царна юкъахь ялх къаьсттина совгӀат 2008-чу шарахь.