Азин-Тийнаокеанан регион
From Wikipedia, the free encyclopedia
́А́зин-Тийнаокеа́нан регио́н (АТР) — Тийна Ӏапказан гуонахьара мехкаш а, дуккха а Ӏапказ чохь йолу гӀайренан пачхьалкхаш а билгалйоху политикин а, экономикин а термин.
АТР цхьаьнатуху 58 пачхьалкх а, мохк а, наггахь регионах туху Непал, Монголи, Мьянма, ХӀинди (и мехкаш «Азин-ТийнаӀапказан регионан 58 мохк, коьрта интеграцин тобанаш, церан йукъаметтигаш» картин тӀехь билгал даьхна асанашца)[1]. Регионан аренашкахь дӀатаръелла йаккхийчех интеграцин тобанаш, царна йукъахь Азин-ТийнаӀапказан экономикехь цхьаьнагӀуллакхдар (АТЭЦ), Къилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциаци (КъМАПА), Шанхайн цхьаьнагӀуллакхдаран кхоллам (ШЦКх), кхин а баккхий кхолламийн декъахой: Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла (ЛПД), Евразин экономикин барт (ЕАЭС), Экономикехь цхьаьнагӀуллакхдаран а, кхиаран а кхоллам (ЭЦКхКх), БРИКС, G-20, G-8, E-7[2]. Уьш шайна йукъахь чӀогӀа уьйр йолуш йу, шуьйра диверсификаци йина (Къаьмнийн доттагӀалла) йа говзаллийца йолуш (ОПЕК) ю.
Регионан уггаре йаккхий гӀаланаш йу Шанхай, Гонконг, Сингапур, Куала-Лумпур, Тайбэй, Сеул, Токио, Лос-Анджелес, Сидней, Мельбурн, Сан-Франциско, Сиэтл, Ванкувер. Дукхаха йолу пачхьалкхашна йукъара а, пачхьалкхийн йоцу а Азин-ТийнаӀапказан регионан кхолламийн штаб-квартираш йу Гонолулухь (Гавайш).
Регионехь йу дукха бес-бесара экономикаш а, ресурсаш а: динамикица кхуьу Гонконг, Тайвань, Сингапур, лакхара технологеш Японин, Корейн, Тайванан, АЦШн, Ӏаламан ресурсаш Австралин, Канадин, Филиппинийн, Российн Генара Малхбален, адамийн ресурсаш Цийчоьнан а, ХӀиндонезин а, лакхара йуьртан бахаман эвсаралла Чилин, Керла Зеландин, Филиппинийн, АЦШн.
Дукхаха болчу экономисташна хета, тӀаьхь-тӀаьхьа Европера а, АЦШ малхбалера а шира индустрийн яккъаш гӀеллуш, дуьненан экономикин йукъ жигара Азин-ТийнаӀапказан регионе дехьаера йолуш санна.