Вен кхиэл
From Wikipedia, the free encyclopedia
Вен суд — адамо динчу зуламна пачхьалкхо тӀелецна таӀзар даран кеп йу. Таханлерачу дийнахь дукхахйолу юрисдикцешкахь вен суд Ӏедалца йогӀуш йац, ткъа вукху пачхьалкхашкахь- доккха зулам дина волчу стагана бен йеш йац иза. 2016-чу шеран товбецан-баттахь (сентябрехь) 60-чу пачхьалкхашкахь гергга 22 500 стаг вара кхиэлан сацам кхочушбарна «собар деш». Уггаре дукха оцу хьолехь бара Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь — 2500 адам. ХӀора шарахь вен суд дӀайахьарца 1000—2000 адам хӀаллакхуьлу[1][2].