Охьадоьду хи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Охьадоьду хи — харш чухула латта таьӀначу агӀор охьадоьду хин объект ан йукъара кхетам. Охьадоьду хиш (эркаш, шовданаш, татолаш) тӀехулара хин объекташ йу[1].
Охьадоьду хиш декъало Ӏаламан (эркаш, шовданаш) а, адамо даьхна (тайп-тайпана Ӏалашонан татолаш) а. Охьадоьду хиш кхин а декъало гуттаренна долчарна а, ханна долчарна а (дакъало хи а, гӀоро хи а). Гуттаренна долчу охьадоьду хиш лела дерриг шарахь йа цуьнан доккхаха долчу декъехь, ханна долчарна чохь — шеран жимачу декъех[2].
Махка тӀера дерриг охьадоьду хишшах олу харший маша, ткъа дерриг эркех а, шовданех а цхьаьна — эркан маша[2].