Ширажелтойчоьнан астрономи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Шира Желтойчоьнан астро́номи — географин регионашка: шега Элладега, Малхбален эллинийн монархешка, Румега йа хьалхара Византега а ца хьоьжуш, шира желтойн маттахь йаздеш хилла адамийн астрономин хаарш а, ойланаш а. ДӀалоцу вайн эрал хьалхара VI бӀешеран тӀера вайн эран V бӀешеран мур. Ширажелтойн астрономи, астрономи кхиоран ладамечу муьрех цхьаъ хилла ца Ӏаш, амма дерриг Ӏилма кхиориг а хилла. Ширажелтойн Ӏилманчийн белхашкахь ду Керла заманан Ӏилмин бух тӀехь лаьтта дуккха а ойланийн хьосташ. ХӀинцалера а, ширажелтойн а астрономин йукъахь йу нисса кар-кара даларан йукъаметтигаш, ткъа кхечу шира цивилизацийн Ӏилмано Ӏаткъам ца бина желтой йукъалелаш бен.