Ӏийса денвалар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏийса денвалар- керсталлехь йоккха меттиг а дӀалоцуш Ӏилма ду. Керлачу Весетахь дийцина хабар ду иза. Керстанаш теша Туьта (Голгота) олучу тархан тӀехь Ӏийса жӀарах дӀатоьхначул тӀаьхьа Дала кхоалгӀачу дийнахь иза веллачуьра денвина хиларх. Ӏийса денвалар- керста-динан бух бу, цуьнан сийнна керстанаш даздо шайн коьрта дезаде — Пасха (желтойн маттахь πάσχα, латинан маттахь Pascha, ивритехь פסח [Pesaḥ/Песах]). Ортодоксан керстанаша иза лору къа а, Ӏожалла а эшор санна.