Европин барт
From Wikipedia, the free encyclopedia
Евро́пин барт (Е́вробарт, ЕБ) — европин 27 пачхьалкхан экономикин а, политикин а цхьаьнакхетар.[1][2]
официалан меттанашкахь:
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Байракх Девиз: Барт шорта кепашца Шатлакхан Илли: Самукъане ода
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Коьрта хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Куьйгалла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Бух | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Географех лаьцна | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Официалан сайт | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
http://europa.eu/ |
Европин барт бира 1992 шарахь Маастрихтехь (леладаьлла 1993 шеран 1 ноябрехь) Европин экономикин йукъараллин бух тӀехь, хьажийна бара регионан интеграцега.[3]
ЕБ — дуьненайукъара кхоллам, шена чохь дуьненайукъара кхолламан (пачхьалкхашна йукъара) а, пачхьалкхан (пачхьалкхан тӀехулара) а хьесапаш ду,[4][5] амма юридически иза йац ший а.
Бертан массо а мехкашкахь лела стандарт йина законийн системин гӀоьнца, кхоьллира йукъара базар[6], цунах адамаш, сурсаташ, капитал, хьашташ кхочушдар маьрша леларан гарант хилира[7], царна йукъахь ду Шенгенан зонера (цунна чуйогӀу мехкаш-декъашхой а, кхин Европин пачхьалкхаш а) паспортан терго дӀайаккхар.[8]
Дуьненан бакъонан субъект йолу, Европин бертан йуьззина бакъонаш йу дуьненайукъара йукъаметтигашкахь дакъалаца а, дуьненайукъара берташ дан а[9]. Кхоьллина йукъара арахьара политика а, кхерамзаллин политика а, цуьнца бертахь арахьара а, дуьхьалонан а политика лело йеза. Дерриг дуьненахь кхоьллина ЕБ гуттаренна а йолу дипломатин миссеш, болхбеш йу вакилаташ Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламехь, ДМКх, Йоккха ворхӀ пачхьалкхехь, Йоккха ткъа пачхьалкхехь.
Европин бертан институташна йукъайогӀу Европин кхеташо, Европин комисси (правительство), Европин бертан кхеташо (официалан цӀе — Кхеташо, хьахайо Министрийн кхеташо санна а), Европин бертан суд, Европин чоьтан палата, Европин центран банк, Европин парламент. Европин парламент хоржу ЕБ гражданаша хӀора пхеа шарахь.
Кхеташоно тӀеоьцу бакъонан суьдан а, чоьхьарчу гӀуллакхийн а[en] сферера закононашкхолларан акташ (директиваш, законаш, сацамаш), кхин а кхуллу махлелоран областера йукъара политика[10], йуьртан бахамера, чӀерийлецарера.[11] регион кхиаран политика[12].
Европин бертан мехкашкахь веха 450 миллион вахархочун[13], дерриг чоьхьара сурсатан (ДЧС) дуьненачух долу ЕБ дакъа хуьлу 2018 шарахь 23 % (21,6 трлн доллар) гергга эцаран хьуьнараллин паритетца, 19 % (16,1 трлн доллар) гергга — номиналан маьӀница[14].