ИбраьхӀим пайхамаран зуда From Wikipedia, the free encyclopedia
«ХӀа́джар» (Ӏаьр. هاجَر) — ИбраьхӀим пайхамаран зуда а, ИсмаьӀилан нана а йу. Бусалбанийн а, керстан а динехь цуьнан историн маьӀнаш цхьатерра ду.
Сарат шен цӀийндеца ИбраьхӀимца Мисар кхаьчначу хенахь, Мисаран паччахьо цунна совгӀатан ХӀаджар йелла хиллера. Саратас цунах шен йалхо йина. Оцу хенашкахь Саратан цхьа а бера дацара. ИбраьхӀиме аьлла цо: «хьайн ХӀаджарах зуда ен». ХӀаджарас кӀант вира ИсмаьӀил, оцу хенахь ИбраьхӀиман 86-шо дара. Сарат оцарах чӀогӀа хьоьгуш йара. И бахьана долуш АллахӀ-дала омра дина ИбраьхӀиме: «и шиъ Макка дӀадига, цигахь Ӏад дита» — аьлла. ИбраьхӀимас иза кхочуш а дина, шен цӀа схьавеара.
Цхьажимма хан йаьлча, ХӀаджарера йаа хӀума дӀайаьллера. Иза хила дӀасауьдуьра «Сафа а, Марват а» — олучу шинна ломана тӀе. Оцу меттехь ИсмаьӀилан когашкахь хьаладолуш цхьа хи дара, оцу хин цӀе «Замзам» — йу. Цигахь цхьа хан йаьккхира цушимма.
Оцу махка кхечира цхьа «ДжурхӀум» — олуш цӀе а йолуш, цхьа къам. ХӀаджарера бакъо а йаьхна, уьш цигахь баха охьахевшира. Цу бакъо а йелла, уьш цигахь Ӏаш бара. ИсмаьӀила вина 5-шо даьлча, Саратас — Исхьакъ пайхамар а вира.
ХӀаджар ИсмаьӀилаца КаӀбатан уллохь «Хьиджр ИсмаӀил» — олучу меттехь дӀайоьллина йу.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.