![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/3/3e/Adem_%2528Adam%25291.png/640px-Adem_%2528Adam%25291.png&w=640&q=50)
Адам (пайхамар)
дуьххьарлера адам, исламан пайхамар / From Wikipedia, the free encyclopedia
А́дам (Ӏаьр. آدَمُ — «Ӏаьржачу аматехь», «лаьттан чкъор»; Ӏебар. אָדָם, ʼAdām — «цӀен»; אדמה, ʼǎdāmāh — «латта»; желт. Ἀδάμ) Товрат чохь а, Къуръан чохь а — иза Дала кхоьллина дуьххьарлера адам а, адамийн тайпанан да а ву. Адам исламехь а, бахӀаизмехь а, насарийн цхьайолчу тобанашкахь а дуьххьарлера пайхамар лоруш ву. Дала иза кхоьллина лаьттах, Шен са а кхоьллина цунна чу, тӀаккха маликашка омрадира цо Адамна сужда де аьлла (ларамна сужда, Ӏибадатна а доцуш). ТӀаккха цара массара а сужда дира, Иблис доцучо. ТӀаккха Иблисо элира: «Ахь лаьттах кхоьллинчунна сужда дийр ду ас? Со гӀоли ду цул, со цӀарах кхоьллина ду Ахь, ткъа иза лаьттах кхоьллина ву Ахь».