Академин пийсиг хьакхар аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь 1980
From Wikipedia, the free encyclopedia
Академин пийсиг хьакхарехь къийсамаш 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь Москохахь хилира 20 - 27 июлехь пийсиг хьакхаран татол тӀаьхь Крылатскехь.
Академин пийсиг хьакхар на аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь 1980 | ||||
---|---|---|---|---|
Цхаццан | божарий | зударий | ||
Шишшан | божарий | зударий | ||
Парин шишшан | божарий | зударий | ||
Шишшан урхалчашца | божарий | |||
Деаннан | божарий | |||
Парин деаннан | божарий | зударий | ||
Деаннан урхалчашца | божарий | зударий | ||
БархӀаннан | божарий | зударий | ||
25 махкара 470 спортхочо (313 боьрша стаг а, 157 зуда а) къевсира совгӀатийн 14 комплект (8 божарийн а, 6 зударийн а). Хьалхара Монреалера Олимпиадица дуьстича къийсамийн программехь хийцамаш бацара.
Къамел ца дойтуш йукъара мидалийн чоьтехь толам баьккхира малхбаленгерманин кеманхоша: цара йаьккхира 11 дешин мидал 14-ах, цу тӀе ГДР кеманхой сийлаллин тӀегӀане бевлира йерриг программин 14 тайпанехь. Цхьацца дешин совгӀат даьккхира ССРС, Финляндин, Румынин кеманхоша.