Арнауташ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Арвани́таш, арнау́таш (желт. Αρβανίτες, турк. Arnavutlar ма-дарра «албанхой») — албанхойн православин дин лело субэтносан тоба, XIV—XV бӀешерашкахь Албани йитина, балканехь къаьмнаш кхалхарца доьзна. Кхалхарш хилира франкократи чӀагӀъяларца, Византийн импери гӀелъяларца, Европе Туркой-Ӏусманхой чубахкарца. XX бӀешо доладаллалц арваниташ доккхаха дакъа дара Желтойчоь паччахьаллин бахархойн (20 % кхаччалц). Юккъера бӀешерашкахь арванитийн ненан мотт албанийн меттан башха меттадакъа дара — арванитийн мотт, тахана байна ала мегар ду. Ярташкара арнауташ, тӀаккха а, Ӏалашдина желтойн этносан къастар. Желтойн-албанхойн дозанера Корча гӀалан йисташкарчу арнаутийн жимачу тобанех схьаевлла Российн имперера а, ССРС хиллачура а албанхойн ерриг тобанаш барам 5 эз. ст. гергга волуш.
Арваниташ | |
---|---|
Дукхалла | 30'000—140'000 гергга |
ДIасакхалхар | Желтойчоь |
Мотт | Арванитийн, желтойн |
Дин | Православи |
Гергара къаьмнаш | Албанхой, арберешаш, желтой |
Медиафайлаш Викилармехь |