Берелла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Берелла[1], дошлочо говр хохкуш гимнастикин а, акробатикин а упражненеш йен, говран спортан тӀеман-прикладан кеп[2].
Берелла кхоллайелла Кавказан, Йуккъера Азин, гӀазакхийн къаьмнашкахь тӀехиина хахкаран хила деза хьесап санна, берие а, говр а кечйеш. ГӀазакхийн спортан кеп[3]. Берелла вольтижировкин бух бу.
Берелла — циркан жанр[4]; тӀехиина хахкаран тайпа, хохкучу хенахь дошлоша:
- гойту башха Ӏамийна говран тӀехдика урхалла;
- Ӏалашонна хаьхкина боьлхушшехь герз туху;
- кхочуш йо жӀаккица эффектан упражненеш а, хала акробатикин кхийсадаларш а.
Берелла гӀоле йу дошлойн вольтижировкел, шен боларца а, трюкаш алсама хиларца а.
Дуьххьарлера артист — берие, циркан жанран бух биллинарг, лору Гудцов Агубе (1880—1968), XX бӀешеран йуьххьера хӀирийн циркан берие, цуо шен говзаллица дукха мехкашкара хьовсархой тӀеберзийра шена[5][6].
Советийн а, российн а циркан береллин жанрера гӀарабевлла говзанчаш: Алибек Кантемиров, Михаил Туганов, Ирбек Кантемиров, Мухтарбек Кантемиров, Дзерасса Туганова, Тамерлан Нугзаров, Хьаким Зарипов, Давлет Ходжабаев, Юрий Мерденов, кхин берш а.