![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/e3/%25D0%2592%25D0%25B8%25D1%2582%25D1%2583%25D1%2581%25D0%2598%25D0%25BE%25D0%25BD%25D0%25B0%25D1%2581%25D1%2581%25D0%25B5%25D0%25BD%25D0%2591%25D0%25B5%25D1%2580%25D0%25B8%25D0%25BD%25D0%25B3.jpg/640px-%25D0%2592%25D0%25B8%25D1%2582%25D1%2583%25D1%2581%25D0%2598%25D0%25BE%25D0%25BD%25D0%25B0%25D1%2581%25D1%2581%25D0%25B5%25D0%25BD%25D0%2591%25D0%25B5%25D1%2580%25D0%25B8%25D0%25BD%25D0%25B3.jpg&w=640&q=50)
Беринг, Витус Ионассен
From Wikipedia, the free encyclopedia
Бе́ринг Ви́тус Ионассен , кхин а Беринг Иван Иванович (дат. Vitus Jonassen Bering; 1681 шеран 12 августехь(16810812), Хорсенсехь, Дани — 1741 8 (19) декабрь[5], Беринган гӀайренан тӀехь, Российн импери) — российн хӀордахо, российн флотан, эпсар капитан-командор. Схьавалар Данера.
Беринг Витус | |
---|---|
Vitus Bering | |
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | путешественник-исследователь, гидрограф, военно-морской офицер, мореплаватель |
Вина меттиг | |
Кхелхина меттиг | |
![]() |
1725—1730 а, 1733—1741 шерашкахь куьйгаллехь вара Хьалхара а, ШолгӀа а Камчаткин экспедицешкахь. Чекхвелира Чукоткин а, Аляскин а йукъарчу хидоькъен чухула (тӀаьхьа Беринган хидоькъе), кхаьчна Къилбаседа Америке, карийна Алеутийн раьгӀнийн цхьа могӀа гӀайренаш.
Беринган цӀе тиллина гӀайренан, Тийна океанан къилбаседехьара хидоькъен а, хӀордан а, кхин а Командоран гӀайренашна. Археологехь Сибрехан а, Чукоткин а, Аляскин а къилбаседа-малхбален декъах (хьалха лаьттан асано цхьанатоьхна лору хӀинца) дукха хьолехь олу йукъарчу терминца Беринги.