БиргӀа (гӀирс)
From Wikipedia, the free encyclopedia
БиргӀа — еха, яьсса, дукха хьолахь цилиндркепара хӀума, промышленностан сурсат тӀуналлаш, бензин, газ, Ӏа, кхин а хӀуманаш дӀайигаран Ӏалашо йолу йина чухула беса болу профилан бух тӀехь.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа БиргӀа.
БиргӀанаш йо промышленностан хьесапца, металлех а, лалорех а, органикан гӀирсех (пластмассех, силамех) а, бетонах а, кхийранех, аьнгалех а, дечигах а, уьш иэеш а.
Промышленностан масштабашкахь биргӀанаш лелайо цхьацца хӀума дӀайохьуьйтуш, электрийн серий къовлуш а, чӀагдеш а, тобанашка доькъуш а. Металлан биргӀа шуьйра лелайо гӀишлошъярехь конструкций декъан меттана (масала, металлан конструкци) йа механикехь (масала, вал — чкъург хьовзор дӀадаларан меже).