Волейбол
From Wikipedia, the free encyclopedia
Волейбо́л (инг. volleyball схьадаьлла volley — «тӀомахь тохар», ткъа ball — «буьрка») — спортан тайпа, командан спортан ловзар, ловзарехь ши команда къовсало бойца екъна йолу башха майданахь, буьрка дуьхьала болчеран агӀо хьажийна, иза церан майдан чу йожийта Ӏалашо йолуш цӀенкъанах а хьакхалуш, я дуьхьала йолчу командан ловзархочо гӀалат даккхийта Ӏалашо йолуш. Цу тӀе атака ян цхьаьна командан ловзархошна кхузза бен буьрканах хьакхабала ца мега (буьрка блоках кхетар ца лору).
Волейболан центран меже дуьненайукъара спортан тайпа санна, бакъонаш билгалйохуш — Дуьненайукъара волейболан федераци, FIVB(ингалс.) ю. Волейбол йукъайоьду Олимпийн ловзаршна 1964 шарахь дуьйна[1].
Волейбол — контакт йоцу, комбинацин спортан тайпа ду, майдан тӀаьхь хӀора ловзархочун ю шен-шен говзалла. Волейболах ловзархойн ладаме дикалла ю бойн тӀехула лакха кхоссавалар, реакци, координаци, физикин ницкъ эффектаца буьрка тохархьам.
Волейбол езачарна — даьржина ловзар а, садаӀаран хьесап а ду, шен ловзаран бакъонаш атта хиларна а, гӀирс эца атта хиларна а.
Волейболан дуккха а варианташ ю, коьртачу кепах къаьстина — пляжан волейбол (олимпийн кеп 1996 шарахь дуьйна), лайн тӀиера волейбол, мини-волейбол, пионербол, паркан волейбол (чӀагӀйина FIVB конгрессо 1998 шеран ноябрехь Токиохь)[2], хиина ловза волейбол (паралимпийн спортан кеп).