Го
From Wikipedia, the free encyclopedia
Го (яп. 碁; кхин 围棋 вэйци, кор. 바둑 падук) — ламастан стратегин стол тӀехь ловзош долу ловзар. Иза кхолладела шира Китайхь в. з. к. 2000-на а, 200-а шерашна юккъехь. XIX бӀешо кхаччалц иза Малхбале Азехь бен девзуш дацара. XX бӀешарахь иза дуьне ма-дду дӀасадержира. Иза дуьненахь массарелла а держиначу ловзарех цхьаъ ду. Иза Дуьненан хьекъалан ловзарашкан коьрта пхеа ловзаран йукъа догӀуш ду.