![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/9e/FigoBallond%2527Or2000_%2528cropped%2529.jpg/640px-FigoBallond%2527Or2000_%2528cropped%2529.jpg&w=640&q=50)
Дешин буьрка (France Football)
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[1]. [2][3]
Дешин буьрка | |
---|---|
![]() |
|
Мохк | |
Тайпа | спортан совгӀат[d] |
Хьан ло | France Football[d] |
Статистика | |
Кхолларан терахь | 1956 |
Сайт | francefootball.fr/…(Франц.) |
![]() |
Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[4]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[5]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[6].
2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[7]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[8]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[9].
«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[1]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[10] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.
1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[5]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.
2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[11].