Императоран Москохан университет
From Wikipedia, the free encyclopedia
Импера́торан Моско́хан университе́т (ИМУ, 1755—1917 шерашкахь) — Российн империн ширачех университет, йиллина 12 (23) январехь 1755 шарахь меценат а, хьаькам а волу И. И. Шуваловс, М. В. Ломоносовс дакъа а лоцуш йинчу проектаца, император-аьзнин Елизавета Петровнин «Москохан университет а, шиъ гимнази а йилларах» цӀе йолчу омарца[2].
Императоран Москох университет (ИМУ) | |
---|---|
Дацдар | ИМУ |
Девиз | «Ӏилма сирла бакъдерг довзар, хьекъал серладаккхар ду»[1] |
Кхоьллина шо | 1755 12 (23) январь |
Хийцам бина |
1917 23 февраль (8 март) Москох пачхьалкхан университет |
Тайпа | Императоран университет |
Лаьтта меттиг |
Российн импери, Москох, ЦӀен майда а, Мохови урам а |
Медиафайлаш Викилармехь |
1755 шарахь йиллина Императоран Москохан университет, хилира российн дуьххьарлера классикин университет[3]. Университет йилла таро хилира М. В. Ломоносовс, дешна волчу хьаькамца, император-аьзнин Елизавета Петровнин везаргца И. И. Шуваловца цхьаьнагӀуллакхдар бахьнехь. Цара 1754 шеран июнехь—июлехь цхьаьна бинчу белхашца хӀоттийра Москохан университет йилларан проект, иза къобал йира 19 июлехь Урхаллин сенато. Москохахь университет дӀаелларан бахьна дуьйцура юьллучара: «цигахь беха дукха элий а, тайп-тайпана чинаш ерш», Российн пачхьалкхехь Москохан юккъера меттиг, тӀебогӀучарна Москохар дахар атта хилар а, дораха хилар а, Москахан а, гуонахьарчу губернийн а бахархошна шайн берашна дика дешар иэшар. Елизавета Петровнин 8 (19) августехь 1754 шеран Москохан университет дӀаелларан омарца, цунна дӀаделира Китай-гӀалин Воскресенски кевнашкара «Аптекарийн цӀа» — дуьххьарлера Москохан университетан гӀишло. ГӀишлонан кечам бира архитекторо эла Ухтомский Дмитрийс, цунна Статс-конторин ахчанех цхьа эзар сом делира. Даздарца университет дӀаелла план яра оццу шарахь (1754)[4], амма тояран белхаш хьебалар бахьнехь из адӀатеттира тӀехьадогӀучу шеран юьххье[5].