![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/da/Block_Kahlo_Rivera_1932_cropped.jpg/640px-Block_Kahlo_Rivera_1932_cropped.jpg&w=640&q=50)
Кало, Фрида
From Wikipedia, the free encyclopedia
Фри́да Ка́ло де Риве́ра (испан. Frida Kahlo de Rivera), йа Магдале́на Карме́н Фри́да Ка́ло Кальдеро́н (испан. Magdalena Carmen Frieda Kahlo Calderón; Койоакан[2], Мехико, 1907 шеран 6 июль — 1954 шеран 13 июль),[3][4] — мексикан художник, шен автопортреташ бахьнехь йевзаш йолу[5][6].
Фрида Кало | |
---|---|
Frida Kahlo | |
![]() Фрида Кало (1932 шо) | |
ГӀуллакхан тайпа | исбаьхьалча |
Йина меттиг | |
Кхелхина меттиг | |
Да | Гильермо Кало[d] |
Фрида Кало Викилармехь |
Цуьна кхолларалан хаалуш Ӏаткъам йина мексикан культурас, Колумбан хьалхара хилла Америкин халкъаший искусствос а. Цуьна исбаьхьаллин хатӀахь цкъаццкъа олу фолк-арт. Сюрреализман бухбиллархо Андре Бретонс Фрида Кало сюрреалист йу олура.
Фриди могшалла даимна ледар йара. Иза йалх шо кхаьчна йолуш цунна полиомиелит хилира. Цул тӀехьа иза машен тӀекхетта лазайинера. Авари бахьнехь цунна дукха операциш йа йизира. Цара цуьна могшалла галйаьккхира. 1929 шарахь иза маре йахара Диего Ривера цӀе йолу художнике. Шен майра санна, иза коммунистий партина гӀодеш йара[7].