Карасёв Василий Николаевич (1971 шеран 14 апрелехь, Ленинград, ССРС) — советийн а, российн а баскетболхо, тренер. Российн спортан хьакъ долу говзанча (1994).
1990 шерашкахь ловзар дӀакхоьхьучарех Ууггаре дикачех цхьаъйуккъера геналлера тӀех дика чукхоссара буьрка, генара дика кхоссара. ЧӀогӀа дика гора ловзаран аре, шен хенахь а, ира а буьрка дӀайала хаара, кхин а ловзар шена тӀелаца хаара, матчан жамӀ дан а хаара.
2013 шеран 2 августера 29 ноябрь кхаччалц[1] - баскетболех ловзаран Российн божарийн гулйина командин коьрта тренер. Цуьнан куьйгаллехь Европин чемпионатан тобанан муьрехь тӀаьххьара меттиг йаьккхира, хьалхий-тӀаьхьий ийшира 5 матчах 4 матч: Италин, Желтойчоьнан, Швецин, Финляндин гулйина командел, туьйлира тӀаьххьарчу матчехь Туркойчоьнан гулйина командел, ткъа кхин а шайна чукхосийтира 400 очко — хьалхарчу муьрехь йерриг 24 командашлахь уггаре дукха. Гулйина командо турниран жамӀаш дича йаьккхина меттиг уггаре вониг хилира евробаскеташкахь.