Коло́ни (лат. colōnia «охьахевшин меттиг»[1]) — кхечу пачхьалкхан (метрополеш) Іедалан кІелара, политикин а, экономикин а Іедалан маршо йоцу бозуш болу мохк, урхалла до башха ражан бух тІехь. Дукха хьолехь колонин ражо гражданашна бакъонаш ца ло метрополитенан гражданашца йусталуш. Цу тІе метрополийн гражданийн алсама Іедал а бакъонаш а йу орамера бахархойл. Колонеш йахкар — империалистийн пачхьалкхийн (метрополийн) Іаткъам шорбаран коьрта гІирс бу.
Колонеш йахкаран шортта хьесапаш ду: Іаламан ресурсашна тІаьхь терго хІоттор тІера серлонан-экспансионизман тӀекхаччалц.
Ламастан колонин урхалла дора метрополин адамийн дуткъа чкъоьро а, меттигера элито а, ткъа официалан мотт хуьлура колонизаторан мотт, наггахь колонин орамера бахархойн мотт а. Колонийн бахархошка хьоьжура тайп-тайпана кхоллам — берриш лолла бохкар (маьрша пачхьалк Конго), дискриминаци (Британин ХІинди, Японин Корей) йа метрополин бахархойн бакъонашка дІанисбо (Французийн Гвиана).
Колониализман дуьхьала болу орамера къаьмнийн къовсам а, и ойла метрополийн бахархойн хаза ца гар бахьнехь, ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча йуьйхира хьалхалера колонийн импереш, деколонизацин бохь кхечира 1960-гІа шерашкахь. Бакъ ду, цхьацца меттигашкахь цуо дІа ца йехира маьрша йевлла пачхьалкхийн экономика агІора йацор, тІаьхьарчарна хІинца а хаало экономикин таІзар, церан политикин маршонан формалан амал — хьажа неоколониализм.
Wikiwand in your browser!
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.