Консерватизм
From Wikipedia, the free encyclopedia
Консервати́зм (схьадаьлла лат. conservo - Ӏалашдо) — ламаста мехаллин а, низамашна а, социалан я динан доктринашна тӀаьхьавазаран идеологи. Коьрта мехалла лору йукъараллин ламасташ, цуьнан институташ а, мехаллаш а Ӏалашъяр.
Чоьхьарчу политикехь консерваторша билгаладоккху йолуш йолчу пачхьалкхан а, йукъараллин низаман а мехалла, тӀе ца оьцу радикалан реформаш, церан мах хадабо экстремизман санна. Арахьарчу политикехь консерваторш кхерамазалла чӀагӀъяран болх хьалхатотту, могуьйту тӀеман ницкъ бар, ламастан бартхошна гӀолаца хьовсу, арахьара экономикин йукъаметтигашкахь гӀолоцу протекционизм.
Консерватизман идеологи кхоллаелла «Французийн революцин цӀарматаллашна» (Бёрк Эдмундан гӀараяьлла памфлет, 1790) реакци санна. Экономикин а, социалан а маршонаш кхайкхочу либерализман а, социалан нийсо кхайкхош, долара бахаман доза деттачу социализман а дуьхьала лаьтта[1]. Бёрк воцуш, доккха дакъа лаьцна консерватизм кечъеш французийн иезуита Де Местр Жозефа (1753—1821), ингалсан философа Гоббс Томаса (1588—1679), австрийн-немцойн канцлера графа Меттерних Клемента (1773—1859).
ХӀокху заманан йукъараллашкахь консерватизм базанан идеологийн кхааннах цхьаъ ю: либерализм, социализм, консерватизм. Иза къасто еза обскурантизмах керлачу хӀуманна дуьхьала гӀертаран пурх латтарах, ткъа иштта ламасталлех. ХӀокху заманан консерватизм (неоконсерватизм) наггахь хуьлу кхечу политикин боламел алсама сетташ, меттаха йолуш. Масалаш — Рейганан АЦН хийцамаш а, Тэтчеран Йоккха Британера хийцамаш а.