КъБА исторехь уггаре сийлахь 50 ловзархо
From Wikipedia, the free encyclopedia
КъБА исторехь уггаре сийлахь 50 ловзархочун исписка хӀоттийна 1996 шарахь Къоман баскетболан ассоциацин шовзткъе итт шо кхочуш. Испискин йукъа вахара ассоциацин исторехь хьалхарчу 50 шарахь левзина шовзткъе итт уггаре дика ловзархо; йукъатохаран хьесапаш дика ловзар хилла ца Ӏара, кхин а оьшура говзалла, лидеран хьуьнар, баскетбол кхиорехь дакъалацар. Исписка хӀоттош болх бира шовзткъе итт стагах лаьтта лерина комисси, цунна йукъахь вара 16 хилла ловзархо, 13 спортан журналист (зорбанан прессан а, телевизионан а векалш), ассоциацин клубийн 21 векал: хилла а, болу а менеджераш, коьрта тренераш а, президенташ а. ТӀаьххьарчу тобанера ворхӀ а вара КъБА хилла ловзархо.
Исписка кхайкхийра 1996 шеран 29 октябрехь Нью-Йоркехь КъБА комиссаро Стерн Дэвида. ТӀаьхьо, 1997 шеран дерриг седарчийн матчехь Кливлендехь, испискин йукъатоьхна ловзархойн базбар хилира, цигахь вацара кхоъ: Маравич Пит веллера 1988 шарахь, О'Нил Шакил чов йина, дарба лелош вара, ткъа Уэст Джерри дарбанан цӀахь Ӏуьллура.