исламан арканех хьалхара рукна From Wikipedia, the free encyclopedia
Ла̄маз (Ӏаьр. الصَّلَاةُ, ас-сала̄т) — иза исламан арканех шолгӀа рукна йу[1]. Хьадисехь деана ду: «Ибн Ӏумара элира: Суна хезира Делан элчано ﷺ олуш: “Ислам доьгӀна ду пхеа хӀуманна тӀе: Тоьшалладар ду АллахI бен кхин дела вац аьлла, ткъа Мухьаммад — Делан элча ву аьлла, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаж дан ХьажцӀа вахар ду, нагахь хьан и дан таро йелахь”»[2]. Иштта элчано дийцина: «ХӀокху белхан корта — ислам бу, ткъа цуьнан бӀогӀам — ламаз ду, ткъа цуьнан бохь — Делан новкъахь жихӀад дар ду»[3]. ШийӀашна гергахь динан да̄къойх хьалхара да̄къа ду иза[4].
Ламаз дар важиб (тӀедиллина) ду хӀора бусалбачу стагана, гӀеметтахӀоьттинчунна, кхетам чохь волчунна, боьршачунна, стечунна. Ламаз фарз дина тӀедиллина Маккахь, Мухьаммад пайхамаро ﷺ Мадийнате хӀижрат далале ши шо хьалха, исраъ а, миӀраж а хиллачу хенахь[5]. Исламехь хӀора стагана тӀедиллина дийнахь пхи ламаз ду. Уьш доцурш, кхечу бахьанашна деш кхин ламазаш а ду: Шина Ӏийданан ламаз а, докъа-ламаз а, догӀа дехаран ламаз а, малх-бутт лацаран ламаз а. Ламаз ле̄но шен Делаца къамелдаран кеп йу, цу шинна йукъахь хуьлуш йолу уьйр йу иза[6].
Вайн сийлахь волу делан элча «Мухьаммад» ﷺ, цунна дала тӀедиллинера шовзткъе итт ламаз. Мухьаммадан дуьхьал кхийтира Муса пайхамар, цо цуьнга элира: «и ламазаш мелла а кӀеззиг хилийта алахь Деле». Юха Дала, дийнахь пхиъ ламаз дар тӀедиллира. Юха а Мусас уьш лагӀде элира, Мухьаммада: «ша эхь хетталц дийхира цуьнга, кхин деха суна эхь хета» элира цо. Оцу замангара схьадеана ду ламаз дар. ВорхӀ шо кхаьчначу хенахь дуьйна, иза дар адамашна тӀехь ду.
РакӀат — иза хӀора ламазехь доьшуш долу сурат «Аль-Фатихьат» ду, я «БисмиллахӀ».
Ламаз | РакӀат |
---|---|
Ӏуьйрачунна | 2 |
Делкъачунна | 4 |
Малх дӀабузучун | 4 |
МаьркӀажчунна | 3 |
Пхьуьйрачунна | 4 |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.