From Wikipedia, the free encyclopedia
Ли́нкольнан хӀорд — Элсмир а, Гренланди а къилбаседа бердашна йисттера Къилбаседа Шен океанан хӀорд. Малхбузера доза ду Колумби мара (Канада), малхбалехь Морис-Джесуп мара (Гренланди).
Линкольнан хӀорд | |
---|---|
Амалш | |
Майда | 38 000 км² |
Дуккха кӀоргалла | 592 м |
Юккъера кӀоргалла | 289[1] м |
Лаьтта меттиг | |
83°36′49″ къ. ш. 55°19′38″ м. д.HGЯO | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Баффинан хӀордаца уьйр йо Нэрсан хидоькъено, ткъа иза, шен рогӀехь, йоккха система ю Робсонан а, Кеннедин а, Смитан а хидоькъех, Холлан а, Кейнан а бассейнех лаьтташ.
ХӀорд карийна 1871 шарахь, хьалхара америкин экспедици полюсан талламхочун Холл Чарльза Френсисан куьйгаллица Къилбаседа полюсе йоьдучу хенахь, цӀе тиллира АЦШн 16-гӀачу президентан Линкольн Аврааман сийна[2][3].
ХӀордан бердаш тархаш йолуш ду, чӀогӀа декъна фьордаша, царна чу шалам тӀиера шаш. Линкольнан хӀордан майда 38 эзар км², юккъера кӀоргаллин барам 289 м, уггар кӀоргачехь — 592 м. ХӀордан хиш лелар, коьртаниг, малхбален агӀорхьа. ХӀорд къевлина бу, хӀорд тӀекхетар эха дийнахь хуьлу, хи айдаларан барам 0,8 метр гергга бу[2], цхьайолчу бухташкахь 1,5-2 метр. Ӏай хӀорд гӀорабо, къилбехахь 1,2-2,2 метр стомма хуьлу, къилбаседехь кхин а стомма хуьлу. Аьхка хӀорд кӀезиг бастало, шех цӀена хи долу дакъош кӀезиг хуьлу[1].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.