![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/8/8e/Lefortovo_mei.jpg/640px-Lefortovo_mei.jpg&w=640&q=50)
Москохан энергетикин институт
From Wikipedia, the free encyclopedia
Москохан энергетикин институт — энергетикин, электротехникин, радиотехникин, электроникин, хаамийн технологийн, менеджментан областера российн лакхара дешаран меттиг. Кхоьллина 1930 шарахь. 2011 шарахь дуьйна Къоман талламан университетан статус йу. Официалан цӀе — «Къоман талламан университет „МЭИ“».
Къоман талламан университет «МЭИ» | |
---|---|
![]() | |
![]() | |
![]() |
МЭИ йукъахь 12 институт, 65 кафедра, 176 Ӏилманан-талламан лаборатори, ЗКБ а, зиеран завод, уникалан ЙЭЦ, шайн Ӏаморан МЭС, махкахь уггаре яккхийчех библиотека, «Энерги» стадион, бассейн, оьздангаллин гӀала.
Хьехархой — РӀА 7 академик а, декъашхо-корреспондент а, 262 Ӏилманийн доктор, 715 Ӏилманийн кандидат.
Дешаран корпусаш лаьтта Москохан кӀоштахь Лефортовохь. Студентийн йукъарадахаран гӀишлош, санатори-профилактори, хӀумаяаран чоьнаш, кафеш лаьтта студентийн гӀалахь Энергетикин, Лапинан, Энергетикин чекхдолийла, 1-ра Синичкинан урамашкахь. Арахоьцуш ду «Энергетик» газет. Кхоьллина студентийн «Радио МЭИ», телевизион «МЭИ ТВ».
МЭИхь кечвина 200 эз. Сов говзанча тайп-тайпана Ӏилманан а, техникин а областашкахь.