From Wikipedia, the free encyclopedia
Му́йжниекс Ва́лдис Ка́рлович (латыш. Valdis Muižnieks; 1935 22 февраль, Рига, Латви — 2013 29 ноябрь) — советийн баскетболхо. Левзина тӀелета турслочун позицехь. Кхаа седан орденан кавалер. ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1959).
Муйжниекс Валдис Карлович | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
латыш. Valdis Muižnieks | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ТӀелета турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 187 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 77 килограмм | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ССРС → Латви | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1935 шеран 22 февраль | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Рига, Латви | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2013 шеран 29 ноябрь (78 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Кхузза Европин чемпион (1957, 1959, 1961), Олимпийн ловзарийн (1956, 1960, 1964) кхузза детин совгӀатхо, кхузза баьккхина Европин чемпионийн кад (1958, 1958/59, 1959/60).
1951 - 1953 шерашкахь левзира ригин «Динамохь»[1], цигахь цуьнан хьехархо вара 1939 шеран Европин вице-чемпион Силарайс Юрис.
1954 шарахь хилира ригин СКАн ловзархо[2]. СКА йукъахь хилира кхузза ССРС чемпион (1955, 1957, 1958)[1], шозза йехира детин (1962, 1964) а, борзанана (1961, 1966) мидалш[2]. Карьера чекхйаьккхира 1969 шарахь ВЭФ клубехь[1].
Кхузза баьккхира Европин чемпионийн кад: 1958 шеран хьалхарчу къовсамехь шолгӀачу финалан матчехь кхоьссира 17 очко, ригахойн уггаре жамӀе ловзархо хилира[3], 1958/59 шеран къовсамехь 7 очко кхоьссира шолгӀачу финалан матчехь[4], 1959/60 шеран къовсамехь 7 очко кхоьссира шолгӀачу финалан матчехь[5].
1970 шарахь чекхйаьккхина Латвин пачхьалкхан П. Стучкин цӀарах университетан юридически факультет.
1969—1976 — Латышийн ССР Спорткомитетан декъан хьаькам. 1976—1988 — БК АСК (Рига) менеджер.
2006 шарахь «Спорт-Экспресс» газетан российн баскетболан бӀешо кхачаран лерина хеттаран жамӀашца, 10-гӀа меттиг йаьккхира уггаре дика тӀелета турслойн испискехь [6].
инг. === Гулйина командехь === 1956 - 1964 шерашкахь — ССРС гулйина командин ловзархо.
Дакъа лаьцна кхаа Европин чемпионатехь[7], кхаи турнирехь Советийн Союзан гулйина командо толам баьккхира. 1957 шеран Европин чемпионатехь хӀора матчехь кхуссура йуккъера барам 6,3 очко ловзарехь, 1959 шеран Европин чемпионатехь — 7,8 очко ловзарехь, 1961 шеран Европин чемпионатехь — 5,9 очко ловзарехь[8]. ССРС гулйина командица кхузза йаьхна Олимпиадийн детин мидалш[1]: 1956 шеран ловзаршкахь матчехь йуккъера барам 2,5 очко кхуссура[9], 1960 шеран ловзаршкахь — 7,8 очко ловзарехь[8], ткъа 1964 шеран ловзаршкахь — 2,5 очко ловзарехь[9]. 1959 шеран дуьненан чемпионатан декъахо[10].
Кхин а левзира Латышийн ССР гулйина командехь, цунна йукъахь левзира 103 матчехь[2]. 1956 шеран ССРС къаьмнийн Спартакиадин толамхо[11].
1959 шарахь йелира ССРС спортан хьакъ долу говзанчин цӀе[12].
Йиша Муйжниеце-Брис Анете а, ваша Муйжниекс Карлис а — иштта баскетболхой хилла.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.