From Wikipedia, the free encyclopedia
Оулавсёка (фар. Ólavsøka, [ˈɔulavs.øka]) — 28—29 июлехь хуьлу Сийлахь Олафан сийнна дина Фарерийн гӀайренийн къоман Ӏида. Ма-дарра гочдича хуьлу «Сийлахь Олафан докъатӀиэ».
Оулавсёка | |
---|---|
Терахь | 29 июль |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Оцу дийнахь дукхаха болу фарерхой гулло Торсхавнехь. Ӏида долчу заманахь пийсиг хьокхуш къийсамаш дӀахьо. Оццу дийнахь фарерийн парламенто Лёгтинго аьхкенан каникулаш чекхйевлча дӀайоьллу шен сесси, ткъа гӀайренийн премьер-министро Ӏида даздаран къамел до парламентан а, халкъан а хьалха.
Вовшех Ӏиданца декъала беш, фарерхоша олу Góða Ólavsøku — ма-дарра «Сийлахь Олафан докъатӀиэ дика хуьлийла».
Ӏида дӀахьо оьздангаллин-спортан мероприяти санна: 28 июлехь иза дӀадоьллу меттигерачу спортхойн, коьрта шахьран кхеташонан декъашхойн, берийн, хӀуп олу оркестран парадаца. Парад йоьду Ӏида официалан дӀадоьллачу гӀалин майдане а. 28 июлехь иштта хин-кеманаш хохкуш, чирлидингех, футболех ловзарех къийсамаш дӀахьо[1]. Оцу дийнахь гӀалахь хуьлу тайп-тайпана оьздангаллин хиламаш: гӀайренийн ламаста хелхарш, концерташ, йишлакхархоша балладаш локху. Хьешашна схьабиллина тайп-тайпана исбаьхьаллин гайтамаш. 29 июлан Ӏуьйре йолало Торсхавнера килсе бахарца а, нахалахь Оулавсёкен лерина кантатата кхочушйарца а. Ӏидин кульминаци лору коьрта шахьран театрехь ден массеран хелхар а, Буьйса йуккъен йиш а, иза локху 29 июлехь буьйса йуккъе йахича. Ӏидин деношкахь йерриг ресторанаша сахиллалц ала мегар долуш болх бо[2][3].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.