Респу́блика Перу́н президе́нт (испан. Presidente de la República del Perú, официалан доцуш Перу́н президе́нт, испан. Presidente del Perú) — пачхьалкхан корта Перухь, республикин лакхара пачхьалкхан дарж. Перун конституцица президенто билгалйоккху чоьхьара а, арахьара а пачхьалкхан политика, кхин а президент тӀеман а, полицин а ницкъийн коьртабаьчча [1] ву. Пачхьалкхан коьртан дарж цӀе Перухь дуккха а хийцайелла, амма дукха хьолехь республикин Перун коьртех билламан терминца «президент» алар тӀеэцна. 1993 шеран Перун конституцица(испан.) президент хоржу массара къайлаха кхаж тасарца пхеа шарна, хьалхий-тӀаьхьий харжа йиш йоцуш. Президентан инаугураци хуьлу гуттаренна а 28 июлехь, иза къоман Ӏида а, мукъа де а ду[1].

Доца факташ Республика Перун Президент испан. Presidente de la República del Perú ...
Республика Перун Президент
испан. Presidente de la República del Perú
Thumb
Президентан штандарт
ДӀачӀагӀа

Колонин муьрехь 1542 шеран 20 ноябрехь (1542-11-20) Испанин паччахьо Карлос I-чо шен грамотица Перун вице-паччахьалла (испан. El Virreinato del Perú) кхоьллинчу хенахь дуьйна, испанин колонин империн йукъадогӀу мехкан дакъа, урхалла деш дара вице-паччахьо, иза паччахьан векал вара вице-паччахьаллехь: цуьнан «alter ego». Цуо жоп лора кхелах, пачхьалкхан хазнин урхаллех, индахошна йукъахь католикалла а, инжил а даржорех, хӀордан талорхошах бердаш лардарех, кхин а чоьхьара кхерамзалла латторех[2]. Перун вице-паччахьалла йолуш цунна урхалла дина вице-паччахьан даржера шовзткъа сардало. Вице-паччахьаллин кхин ладаме пачхьалкхан меже йара Лимин паччахьан аудиенси (испан. Real Audiencia de Lima), йуьхьанца цуьнан апелляцин суьдан статус йара, амма колонин урхаллин системехь дукхаха дерг хилира законашкхолларан меже бахархойн векалийн дакъолгашца йолу. Аудиенсин лакхара ойдораш(испан.) (испан. Oidor decano Real Audiencia de Lima) дуккха а хилира вице-паччахьаллин ханна губернаторш (испан. Gobernador interino del Virreinato del Perú) вице-паччахь воцучу муьрашкахь. Аудиенсешна а, вице-паччахьаллашна тӀехулара лакхара инстанци, йуьсура Индийн паччахьан а, лакхара а кхеташо (испан. Real y Supremo Consejo de Indias)[3][4].

Перун кхочушдаран Ӏедалан башхалла (президентан урхаллин кеп йолу Латинан Америкин мехкашна йукъахь) йу правительствон куьйгалхочун ша долу дарж — Перун министрийн кхеташонан председатель (нийсо хир ду: Перун министрийн Кхеташонан президент, испан. Presidente del Consejo de Ministros del Perú), иза коьртехь ву Министрийн кхеташонан а, председатель а ву[5]. И дарж йукъадаьлла 1856 шеран политикин конституцица(испан.) (амма дуьххьара оцу дарже стаг ца хӀоттийра 1857 шеран 14 февралехь (1857-02-14) бен). Перун правительствош мехкан президенташа хӀиттайо дера, шайна чохь коьртан дарж а доцуш йа цхьа Министрийн кхеташонан председатель дӀа а ваьккхина керланиг хӀоттаваллалц йоцучу хенахь вакансий йолуш правительствош йара[6][7].

«Терроризман муьрера» «ГӀуллакхан республике» (1980 тӀаьхьа)

1980 шеран харжамел тӀаьхьа Белаунде Терри Фернандо 1980 шеран 28 июлехь (1980-07-28) шарахь тоьллачул тӀаьхьа, иза йуха а мехкан президентхилира, цул тӀаьхьа таханалца Перухь Ӏедал хийцаделла коьртаниг конституцин низамехь (Ша дӀаваьлла йа импичмент йина президент мукъаваьлча цуьнан йуьззина бакъонаш дӀалора конституцис хӀоттийна даржан когаметтан асанца)[8]. Царна йукъахь бац 1992 шеран 5 апрелехь (1992-04-05) президента Фухимори Альбертос, ТӀеман ницкъаш гӀолоцуш бина автохарцам(испан.), цаьрца цуо дӀасахийцира Конгрессан ший а палата, цул тӀаьхьа кхайкхира Демократин кхолларан конгресс(испан.) (хаьржина 1992 шеран 22 ноябрехь (1992-11-22)), къоме йехкина 1993 шеран 29 декабрехь (1993-12-29) шарахь, лелаш йу хӀинца конституцица(испан.) (лела йаьлла 1994 шеран 1 январехь (1994-01-01) шарахь)[1]. 1993 шеран 9 январехь (1993-01-09) шарахь Демократин кхолларан конгрессо тӀечӀагдира Фухиморис болх болийна хилар, цул тӀаьхьа цуо кхин а шозза толам баьккхина харжамашкахь 2000 шеран 21 ноябрехь (2000-11-21) шарахь коррупцех бехке вина а волуш ведда Японе, цигара кехат даийтина дӀаваккха аьлла[9]. Кхин а конституцин низам дохийра 2020 шеран 15 ноябрехь (2020-11-15) 2020 шеран 17 ноябрехь (2020-11-17) шерашкахь. оцу хенахь Артуро Мерино де Лама Мануэлан. 16 ноябрехь парламентан керла спикер Сагасти Франсиско хаьржинчул тӀаьхь кар-кара дахаран аса меттахӀоттийра, шолгӀачу дийнахь цуьнан таро хилира президентан чӀагӀо йан[10].

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.