Тан (некъий)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Импери Тан (618 шеран 18 июнь — 907 шеран 4 июнь, 唐朝, Танчао) — цийн импери, кхоьллина Ли Юана. Цуьнан кӀант, император Ли Шиминь, ахархойн гӀаттам охьатаӀийначул тӀаьхьа а сепаратистийн феодалан некъий прогрессиван политика лело буьйлабелча. Танан мур хилира хилира йуккъера бӀешерийн Цийчоьнан къагаран мур, нисса Тан мур ламастехь лору уггаре мехкан нуцкъалалла, иза хьалхайаьллера кхиарехь массо а хӀокху заманан дуьненан пачхьалкх.
Историн пачхьалкх | |
Импери Тан | |
---|---|
唐朝 | |
618 — 907
|
|
Коьрта гӀала |
Чанъань (618—904) Лоян (904—907) |
Мотт (меттанаш) | цийн |
Ахча | цянь |
Майда |
|
Бахархой |
50 000 000 (650) |
Урхаллин тайпа | абсолютан монархи |
Медиафайлаш Викилармехь |
Ли доьзало (李) кхоьллира некъий, цара дӀалецира Ӏедал йоьжначу хенахь импери Суй. Некъий Ӏедал, йоцучу заманна, император-аьзнис У Цзэтяна Ӏарш схьа а йаьккхина дитира, цуо кхайкхийра импери Чжоу, тӀаккха хилира законехь цхьаъ бен йоцу Цийчоьнан император-регент. Шина багарбарехь VII а, VIII а бӀешеран империн Тано маххадабо бахархойн бараман терахьца регистраци йина цӀера бахамца 50 млн стагца[2][3]. Йуккъера Ӏедал гӀелделлачу хенахь, правительствега нисса нах багар ца лучу хенахь IX бӀешарахь, лору, бахархой тӀекхетна оцу хенахь 80 млн стаг гергга[4][5].
Прогрессан а, цхьанаэшаралла а мур хьахарчу декъехь Тан муьран чекхбелира г\аттамца [[Ань Лушань|Ань Лушана] (755—763), хийцаделла йуккхъера Ӏедал муьран шолгӀачу декъехь дожалц. Хьалхара импери Суй санна, импери Тано гӀо лоцура пачхьакхан гӀуллакхан системин, цара гулбора Ӏелама-чинхой стандартан экзаменинийн гӀоьнца а, дарже цхьамма магича а. Айабалар тӀеман регионийн губернаторш, царех олура цзедуши, IX бӀешарахь дохийра и гражданийн низам. Цийн оьздангалла къегара, кхуьура Тан муьрехь; иза ламаста лору боккха мур цийн поэзин[6]. Уггаре гӀараваьлла Цийчоьнан ши поэт, Ли Бо а, Ду Фу а муьрера вара, дукхаха болу исбаьхьалчаш санна, масала Хань Гань, Чжан Сюань, Чжоу Фан. Оцу муьрера Ӏилманчаш йира хьал долу тайп-тайпана историн литератуау, ткъа кхин а энциклопедеш а, географин белхаш а. ТӀеэцар Стигланан Ханан титул танан императоро Тайцзуна кхин тӀе а шен императоран титулна дара «цхьаьна хеннахь паччахьалла лелор» Малхбален Азехь[7].