From Wikipedia, the free encyclopedia
«Украи́на» — цхьа могӀа мехкийн историн цӀе, кхин а хӀокху заманара пачхьалкхан Украинин цӀе а.
Украина дош долуш дара Киевн Русан заманара дуьйна — лаххара а, XII бӀешарахь дуьйна. Дуьххьара иза хьахайо Киевн тептарера Ипатьевн гуламехь, йевза XV—XVI бӀешерашкара испискашкара, 1187 шарахь переяславлан эла Владимир Глебович валар хьахош («Кеп:Lang-orv2»)[1], ТӀаьхьуо Украина хьахайо оццу тептарехь 1189 шарахь («Кеп:Lang-orv2»)[1] а, Галицкан-Волынан тептарехь 1213 шарахь («Кеп:Lang-orv2»)[2]. Кхин а Галицкан-Волынан тептарехь 1268 шарахь хаало йогӀу демоним («Кеп:Lang-orv2»)[3].
Дукхаха болу Ӏилманчаша къобал йо версица[4][5], «Украина» цӀе йоьзна йу дозанца. Зализняк Андрей дийцарехь, иза хьалайоьду шира оьрсийн даше «укра́ина» — дозанера область, олаллин йистера латта. «Окраина» дешан йуьхьанцара маьӀна мелла а къаьсташ хилла, иза догӀура йисташкара арахьара латтанашна, олаллин йерриг гуонахьара йисташна[6]. «Украина» дош йуьхьанца дуьйна леладора Киевн Русан а, цхьацца шеш долу дозанера оьрсийн олаллашна. Оцу маьӀнехь Украина дешан этимологин маьӀне хьовсу российн[7] а, иштта украинийн а, малхбузен а Ӏилманчаш, масала Субтельный Орест[8], Магочий Пол[9], Прицак Омельян[10], Грушевский Михаил[11], Огиенко Иван[12], Толочко Пётр[13], кхин берш. Оцу версин тӀехь йу Украинайовзаран энциклопеди[14], Украинийн меттан этимологин дошам[15], Украинин историн энциклопеди[16].
Дукхаха болчу историкашна хетарехь[4], дуьххьара термин «Оукраина» хьахор догӀу Переяславлан (Посулан дуьхьалонан аса), Галицкан, Волынан олаллийн дозанера мехкашна. Дуккха а украинийн тептарийн талламхоша иштта лору, 1187 шеран, хьалхара йозанаш лелийна переяраславхойн синоним санна йа берриг половхойн дозанера мохк санна[4]. Оцу заманара XVIII бӀешерна герга кхаччалц и дош леладора «дозанера латташ» маьӀнехь, цхьа билгала дозанаш долчу регионна тӀе ца тосуш[17][18], цунна йукъахь генна таханлера Украинин махканна генна арара, масала «пскован украина», «окан украина»[16]. цунна йукъахь генна таханлера Украинин махканна генна арара, масала «пскован украина», «окан украина»[16]. «ЖӀарех дош» чохь оьрсийн XII бӀешеран жайнахочо йаздина, тӀекъам дин йухадаьлла йистошка, цигахь адамаш хӀинца а ламазаш деш бу ширачу деланашна, амма дора иза къайлаха: «…хӀинца а украинехь цара ламазаш до наьӀалт хилла Перунна, Хорсанна, Мокошина, шаданна»[19].
Брокгаузан а, Ефронан а дошамахь хаамаш ма-барра, малхбузера Подольера къилбехьара Днепран хикхоче кхаччалц а, малхбузехьа шена йукъа хин йолу Екатеринославан губернин доккхаха долу латтанийн дакъа чулоцу («очаковн аре») баьржина Къилба Русан мехкан дакъа а, Речь Посполити йукъа даханчул тӀаьхьа официалан доцуш ала долийра «Украина»[20]. Иза доьзна дара, и Къилба Русин мехкаш аренийн дозанашца Речь Посполитина а дозанера мехкаш хиларца. Грондский Самуила, Хмельницкийн гӀаттаман историн полякийн автор (1660 шеран гергга), йаздина: «Латинан margo (доза) – полякийн маттахь kraj, цигара схьа Украина — паччахьаллин (полякийн) йистехь лаьтта область»[21][22]. «Ukraina» дешан маьӀна туьду Польшин пачхьалкхан дозанера латтанаш олий, изза далийра полякийн историко Бартошевич Юлиана Оргельбранд Самуэлан «Массерайукъара энциклопедехь»[23].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.