From Wikipedia, the free encyclopedia
Хурцила́ва Мурта́з Калистра́тович (1943 шеран 5 январь, Бандза эвла, Гегечкоран кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн а, гуьржийн а футболист, турсло а, тренер а. ССРС спортан говзанча (1962), ССРС спортан дуьненайукъара классан говзанча (1966), ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1969).
Йукъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Йуьззина цӀе | Хурцилава Муртаз Калистратович | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1943 шеран 5 январь (81 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Бандза эвла, Гегечкоран кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
ССРС Гуьржийчоь |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 175 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 76 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
ССРС гулйина командин ловзархо. ССРС гулйина командин йукъахь 4-гӀа меттиг йаьккхина 1966 шеран дуьненан чемпионатехь. Хурцилава, гуьржийн ловзархойх, шиннах цхьаъ хилла Советийн Союзан къоман командин капитан хӀоттийна — и сий дина шолгӀаниг вара Чивадзе Александр. ССРС чемпионатехь левзира тибилисин «Динамохь» Лакхарчу лигехь, кутаисин «Торпедохь» Хьалхарчу лигехь.
Левзина ваьлчи тренеран болх бира. 1990 шарахь цуьнан куьйгаллица Ланчхутера «Гурияс» Гуьржийчоьнан Кад баьккхира, ткъа 1995 шарахь «Самтредиа» клуб хилира мехкан вице-чемпион.
1998 шеран апрелера 1999 шеран май кхаччалц кечйира Динамо (Тиблиси)[1][2].
1999 шеран майхь дуьйна — Гуьржийчоьнан кегийрхойн гулйина командин коьрта тренер, цуьнца цхьаьна 1999 шеран июнехь дуьйна — Локомотив (Тиблиси) клубан коьрта тренер[3]. Амма «Локомотиван» куьйгалхочун даржера шен лаамца дӀавелира 3 бутт баьлчи, шеш УЕФА Кедан 1/32 финалехь желтойн ПАОКан 0:7 эшча[4], ткъа 2001 шеран апрелехь тӀаьхьий-хьалхий кхузза эшча дӀавелира кегийрхойн гулйина командин коьртачу тренеран даржера а[5].
2001 шеран августехь Габелия Отарица цхьаьна хӀоттийна Чивадзе Александран гӀоьнча Гуьржийчоьнан къоман командехь[6]. 2003 шеран апрелехь, гулйина командин тренер Иво Шушак хӀоттийча, дӀавелира гулйина командин тренеран даржера[7]. ХӀинца веха Тиблисехь, гӀишлошйаран бизнес лелош ву[8].
Зуда а, ши доьзалхо а, кхоъ берийн бер а ду. КӀант Георгий — футболист, левзира гуьржийн клубашкахь, 1995 шарахь левзира АЦШхь «Ралли» клубехь (штат Къилбаседа Каролина)[9].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.