Мухьаммадан деваша From Wikipedia, the free encyclopedia
Хьамзат ибн Ӏабдул-МуттӀалиб аль-ХӀа̄шими аль-Къурашӣ (Ӏаьр. حَمْزَةُ بْنُ عَبْدِ الْمُطَّلِبِ الهَاشِمِي القُرَشِيُّ; 568, Макка[1][2] — 625 шеран 22 март, Ухьуд лам) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ жимах волу деваша а, цуьнан асхьабех цхьа сахьаби а, цуьнан бакхийначу вежарех цхьаъ а, цуьнан вейтта визирех цхьаъ а ву. Мухьаммадан ﷺ девежарех тӀехдиканиг а ву иза, цо аьлла: «Сан вежарех диканиг — Ӏалий ву, ткъа девежарех диканиг — Хьамзат ву»[3][4]. Мухьаммадал ﷺ ши шо воккха хилла иза. Цуьнан нана ХӀалат бинт ВухӀайб, Мухьаммадан ﷺ ненан Аминат бинт ВахӀбан девешин йоӀ хилла.
Хьамзат ибн Ӏабдул-МуттӀалиб | |
---|---|
Ӏаьр. حمزة بن عبد المطلب | |
Абу Ӏамарат, Абу ЯӀла, асадуллахӀ ва асад расулихӀ, саййидуш-шухӀадаъ | |
Говзалла | таллархо, йаздархо, баьчча |
Вина терахь | 568 |
Вина меттиг | Макка |
Кхелхина терахь | 625 шеран 22 март |
Кхелхина меттиг | Ухьуд, Мадийнат |
ДӀавоьллина меттиг | Ухьуд лам |
Къам, некъе | хӀашимхой, къурайш, Ӏаьрбий |
Да | Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим |
Нана | ХӀалат бинт ВахӀб |
Зуда | Салма бинт Умайс |
Бераш | ЯӀла, Ӏамир, Ӏамарат, Умамат |
Динлелор | ислам |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |
Хьамзат къурайшин йукъахь уггаре чӀогӀа онда стаг вара. Иштта таллархо а вара иза. «Делан лом» — аьлла цӀе тиллира цунна. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад пайхамар ﷺ. Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатана, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана йуккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀадуьйцуш лаьтташ Абу-ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а йеш. Орцах хьаьдда Абу-ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлоно, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.
«ТӀаккха со а ца теша-кха шун тӀулгийн деланах. Ницкъ буй шун со цунах тешийта?» — аьлла цо. Цу меттехь дакхайкхина Хьамзата, Дела цхьаъ во ша, шен вешин кӀант Мухьаммад пайхамар хиларца бакъ а во ша, аьлла.
Ухьудан гӀазотехь иза вийнера, Вахьши бин Хьарбас, хӀунда аьлча Ӏутбатан йоӀ ХӀиндо шен да вийна дера, цунах чӀир эцархьама. Ша вийначу меттехь дӀавоьллина ву Хьамзат.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.