ЦӀий тӀехь волу КӀелхьараваккхархо
From Wikipedia, the free encyclopedia
ЦӀий тӀехь Ӏийса веллачуьра денваларан килс (оьрсийн маттахь Собо́р Воскресе́ния Христо́ва на Крови́) я ЦӀий тӀехь КӀелхьараваккхархочун зиярт (оьрс.мат. храм Спа́са на Крови́)- Санкт-Петербургехь Ӏийса веллачуьра денвалар дагалоцуш йина ортодоксан а, мемориалан а, цхьаъ паччахьалла йолу а килс ю.
Сийлахь меттиг | |
ЦӀий тӀехь волу КӀелхьараваккхархо | |
---|---|
Храм Спа́са на Крови́ | |
59°56′24″ къ. ш. 30°19′43″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Петарбух, Канал Грибоедова[d] |
Дин | керста |
Епархи | Санкт-Петербургская епархия[d] |
Архитектурин хатӀ | русский стиль[d] |
Архитектор | Парланд, Альфред Александрович[d] |
Дуьххьара хьахор | 1881 шо |
Йиллина терахь | 1907 |
Статус | ОТӀО № 7810507000№ 7810507000 |
Локхалла | 81 метр |
ГӀирс | Кибарчиг |
Сайт | cathedral.ru/spasa_na_kr… |
Медиафайлаш Викилармехь |
1881-чу шарахь бекарг (март) беттан 13-чохь кхузахь вийна волчу II-чу Александран безамна дина зиярт ду. «ЦӀий тӀехь» дешнийн маьӀна паччахьан цӀий Ӏанийна меттиг хилар ду. II-гӀа Александр дагалоцуш, ерриг Оьрсийчоьх гулдина ахчах, цун цӀарах хьалайоьттина килсан гӀишло[1].
Петарбухан историн гӀали юккъехь лаьтташ ю килс, Грибоедован татолан йистехь. Цуьнан уллохь ю Михаилан беш а, Божалан майда а.
Исс корта болучу килсан локхалла 81 метр ю, чухоам 1600 адам бу. Музейн хьолехь ю, иштта оьрсийн архитектурин хӀоллам санна а лоруш ю.
Зиярт хьаладоьттина III-чу Александран буьйрца 1883-1907-чу шерашкахь, цхьанатоьхна архитектор волу Альфред Парландан а, архимандрит волу Игнатин проектаца. ТӀаьхьо архимандрит Игнатий гӀуллакхех юьстахвелара.
Проектан хатӀ неооьрсийн кепехь ду. Мелла а, Москвара Бедаран килсах тера ду хӀара зиярт. 24 шарана дахделира гӀишло яран белхаш. 1907-чу шарахь хьаьттан (август) беттан 19-чу дийнахь зиярт серладаьккхира.
Музейн комлексан «Пачхьалкхан музей-эсалла „Исхакан килс“» юкъайогӀуш ю.