Шеран заманаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Шера́н за́манаш — шеран гуонехь билгалдоккху дакъа.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Шеран заманаш (маьӀнаш).
Шеран заманаш къастайо:
- Рузман шеран заманаш — дукхаха болчу мехкашкахь шо доькъу йеа замане, хӀора а кхоккха рузман бутт хӀораннехь а. Амма хӀиндин рузма, масала, шо доькъу 6 замане, шишша бутт хӀораннехь а[1], ткъа саамийн рузмано — бархӀ замане[2][3].
- Астрономин шеран заманаш лору малх цӀа кхачаран меттигашца (Ӏа, аьхке) а, де-буьйса нисдаларца (гуьйре, бӀаьсте) а[4][5].
- Фенологис Ӏаламан хиламийн хьесапашца ("зама" кхетам лелош) билгалйоккху хӀора шеран климатан зама йолаяларан хенаш а, йохалла а. ХӀора зама къастало шен амале хенан-хӀоттаман а, температуран а хьолашца.
Шеран заманаш хийцаялар доьзна шарахь планета мелхан гуонаха хьийзаран муьрца а, орбитан экъанал Дуьненан сема таӀарца а, кӀеззига орбитан эллипс хиларца а.