From Wikipedia, the free encyclopedia
Ше́рман Уи́льям Уо́лтон «Билл» (инг. William Walton "Bill" Sharman; 1926 шеран 25 майхь, Абилинехь, Техас, АЦШ — 2013 шеран 25 октябрехь, Редондо-Бичехь, Калифорни, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, тренер, менеджер, Къоман баскетболан ассоциацин иттаза чемпион (4-зза ловзархо волуш, цкъа тренер волуш, кхин а 5-зза менеджер волуш). Левзина тӀелета турслочун позицехь. КъБА исторера 50 уггаре сийлахь ловзархойн испискан декъахо, кхин а Баскетболан сийлаллин залан декъахо ловзархо волуш (1976) а, тренер волуш (2004) а[1]. Вуден Джонан, Уилкенс Леннин, Хейнсон Томан, Рассел Биллан бен дац и шала совгӀат.
Шерман Билл | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Bill Sharman | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Карьера чекхйаьккхина | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ТӀелета турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 185 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 79 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | АЦШ | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1926 шеран 25 май | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Абилин, Техас, АЦШ | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2013 шеран 25 октябрь (87 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Редондо-Бичехь, Калифорни | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Ишкол |
Нарбонна (Ломита) Портервилл (Портервилл) |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Колледж | Къил. Калифорни (1946—1950) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Драфт КъБА | 16-гӀа (2-гӀа раунд), 1950, Вашингтон Кэпитолс | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Статистика | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Ловзарш | 711 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Очкош | 12665 (17,8 йуккъера барам ловзарехь) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Схьаэцар | 2779 (3,9 йуккъера барам ловзарехь) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
ДӀайалар | 2101 (3 йуккъера барам ловзарехь) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
1976, 2004 Баскетболан Сийлаллин зал | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Тренер волуш Шермана йехира титулаш АБЛехь, АБАхь, КъБАхь, нисса цуьнна дагайеина массанхьа йолийна «Ӏуьйренан, йайн вадаран тренировка[2].
Иза хилла дуьххьарлера къилбаседаамерикин спортан гӀуллакххо, чемпионат йаьккхина ловзархо а, тренер а, куьйгалхо а волуш. Иза хилла 10-зза КъБА чемпион (йаьккхира йиъ титул «Бостон Селтикс» йукъахь, цхьаъ «Лос-Анджелес Лейкерс» коьрта тренер волуш, пхиъ «Лейкерсан» кхочушдаран директор волуш), 12-зза баскетболех ловзаран дуьненан чемпион хилла йукъарчу чоьтехь. АБЛ а, АБА а титулаш[3].
Шерман Билла чекхйаьккхина Къилба Калифорнин университет, цигахь иза йукъавахара баскетболан, бейсболан, боксан, теннисан, йайн а, йеза а атлетикин командашна. 1944 – 1946 шерашкахь флотехь гӀуллакхехь вара.
1950 шарахь Шерман КъБА драфтехь хаьржира шолгӀа раундехь «Вашингтон Кэпитолс» клубо. Кхин а шо даьлча дехьавелира «Бостон Селтикс» йукъахь, цунна йукъахь турслойн дуэт дира Коузи Бобца. 1950 - 1955 шерашкахь Шерман кхин а вара бейсболан «Бруклин Доджерс» (хӀинца «Лос-Анджелес Доджерс») клубан запасан ловзархо, левзира тайп-тайпана миноран лигашкахь. «Бостон Селтикс» йукъахь Шерман доьазза хилла КъБА чемпион, бархӀазза дакъа лаьцна дерриг седарчийн матчехь, ворхӀазза йукъавахна КъБА седарчийн сийлаллин гулйинчу командина. Дерриг 11 шарахь КъБАхь иза левзира 711 матч, 2779-зза схьаэцна, 2101-зза схьалаьцна дӀайала лерина буьрка, кхоьссина 12665 очко. ВорхӀазза хилла гӀуда чукхоссаран процентаца чемпионатан лидер.
1961 шеран ноябрехь Билл дӀехьавелира КъБАра керла Америкин баскетболан лиге, «Лос-Анджелес Джетс» клубан ловзу тренер хилархьама. Январехь командо кхайкхийра банкроталла, цуо шо чекхдаьккхира «Кливленд Пайперсца», цуьнца йаьккхира чемпионат. ТӀаккха болх бира Лос-Анджелесера Калифорни штатан университетехь. 1966 шарахь йухавеира КъБА, «Сан-Франциско Уорриорз» схьаэцна. 1970—1971 шарахь «Юта Старз» клуб йалийра Америкин баскетболан ассоциацехь чемпионатера толаме. ШолгӀачу шарахь иза «Лос-Анджелес Лейкерсан» коьрте веира, итт шо сов даьлча иза толаме йалийра КъБА чемпионатехь, ша Шерман лерира КъБА шеран тренер. «Лейкерсца» болх бира 1976 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа хилира клубан инарлин менеджер, президент, консультант.
1976 шарахь Шерман йукъатуьйхира Баскетболан сийлаллин залан ловзархо санна[4], ткъа 2004 шарахь — тренер санна[5]. Билл веаннах цхьа стаг ву, шинне а категорехь Сийлаллин зал чуваьккхина, кхин кхоъ — Вуден Джон, Уилкенс Ленни, Хейнсон Том. 1996 шеран 29 октябрехь Шерман йукъатуьйхира КъБА исторера уггаре сийлахь 50 ловзархойн испискин.
Шерман велла 2013 шеран 25 октябрехь шен цӀахь Редондо Бичехь, Калифорнехь 87 шо хан йолуш, цхьа кӀира хьалха хиллачу инсультах[6].
Шо | Команда | РогӀера шо | Плей-офф сери | ||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
GP | GS | MPG | FG% | 3P% | FT% | RPG | APG | SPG | BPG | PPG | GP | GS | MPG | FG% | 3P% | FT% | RPG | APG | SPG | BPG | PPG | ||
1950/51 | Вашингтон | 31 | 37,0 | 88,9 | 3,5 | 1,3 | 12,2 | НУ | {{{15}}} | {{{16}}} | {{{17}}} | {{{18}}} | {{{19}}} | {{{20}}} | {{{21}}} | {{{22}}} | {{{23}}} | {{{24}}} | |||||
1951/52 | Бостон | 63 | 22,0 | 38,9 | 85,9 | 3,5 | 2,4 | 10,7 | 1 | 27,0 | 58,3 | 100,0 | 3,0 | 7,0 | 15,0 | ||||||||
1952/53 | Бостон | 71 | 32,9 | 43,6 | 85,0 | 4,1 | 2,7 | 16,2 | 6 | 33,5 | 33,3 | 93,8 | 2,5 | 2,5 | 11,7 | ||||||||
1953/54 | Бостон | 72 | 34,3 | 45,0 | 84,4 | 3,5 | 3,2 | 16,0 | 6 | 34,3 | 43,2 | 86,0 | 4,2 | 1,7 | 18,8 | ||||||||
1954/55 | Бостон | 68 | 36,1 | 42,7 | 89,7 | 4,4 | 4,1 | 18,4 | 7 | 41,4 | 50,0 | 92,1 | 5,4 | 5,4 | 20,7 | ||||||||
1955/56 | Бостон | 72 | 37,5 | 43,8 | 86,7 | 3,6 | 4,7 | 19,9 | 3 | 39,7 | 39,1 | 94,1 | 2,3 | 4,0 | 17,3 | ||||||||
1956/57 | Бостон | 67 | 35,9 | 41,6 | 90,5 | 4,3 | 3,5 | 21,1 | 10 | 37,7 | 38,1 | 95,3 | 3,5 | 2,9 | 21,1 | ||||||||
1957/58 | Бостон | 63 | 35,1 | 42,4 | 89,3 | 4,7 | 2,7 | 22,3 | 11 | 36,9 | 40,7 | 92,9 | 4,9 | 2,3 | 21,1 | ||||||||
1958/59 | Бостон | 72 | 33,1 | 40,8 | 93,2 | 4,1 | 2,5 | 20,4 | 11 | 29,3 | 42,5 | 96,6 | 3,3 | 2,5 | 20,1 | ||||||||
1959/60 | Бостон | 71 | 27,0 | 45,6 | 86,6 | 3,7 | 2,0 | 19,3 | 13 | 28,0 | 42,1 | 81,1 | 3,5 | 1,5 | 16,8 | ||||||||
1960/61 | Бостон | 61 | 25,2 | 42,2 | 92,1 | 3,7 | 2,4 | 16,0 | 10 | 26,1 | 51,1 | 88,9 | 2,7 | 1,7 | 16,8 | ||||||||
Дерриг | 711 | 32,0 | 42,6 | 88,3 | 3,9 | 3,0 | 17,8 | 78 | 33,0 | 42,6 | 91,1 | 3,7 | 2,6 | 18,5 | |||||||||
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.