Я́шин Лев Ива́нович (1929 шеран 21 октябрь[2][3][…] йа 1929 шеран 22 октябрь, Москох, РСФСР, ССРС[2][4] — 1990 шеран 20 март[5][6], Москох, РСФСР, ССРС) — советийн футболист, кевнахо, левзина москохан «Динамохь» а, ССРС гулйина командехь а. 1956 шеран Олимпийн чемпион, 1960 шеран Европин чемпион, 5-за ССРС чемпион, ССРС хьакъ долу спортан говзанча (1957). Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1990). Полковник, ССКП декъахо 1958 шарахь дуьйна[7].
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа
Яшин.
Доца факташ Яшин Лев, Йукъара хаамаш ...
ДӀачӀагӀа
XX бӀешеран уггаре дика кевнахо ФИФАн[8], МФФИИС[9], World Soccer, France Football[10], Placar[11] Venerdì[12], Guerin Sportivo[13], Planète Foot[14], Voetbal International[15] версешца. Исторехь цхьаъ бен воцу «Дешин буьрка» йелла кевнахо. Дуьненан футболехь лору араваларан а, йерриг гӀуданан майданахь а ловзар шуьйра карадерзина дуьххьарлерачех цхьа кевнахо.