![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/f/f7/Rashidun_Caliph_Ali_ibn_Abi_Talib_-_%25D8%25B9%25D9%2584%25D9%258A_%25D8%25A8%25D9%2586_%25D8%25A3%25D8%25A8%25D9%258A_%25D8%25B7%25D8%25A7%25D9%2584%25D8%25A8.svg/langce-640px-Rashidun_Caliph_Ali_ibn_Abi_Talib_-_%25D8%25B9%25D9%2584%25D9%258A_%25D8%25A8%25D9%2586_%25D8%25A3%25D8%25A8%25D9%258A_%25D8%25B7%25D8%25A7%25D9%2584%25D8%25A8.svg.png&w=640&q=50)
Ӏалий ибн Абу ТӀалиб
Мухьаммадан накъост а, девешин кӀант а, нуц а, Рашидунин халифатан воьалгӀа халиф (656—661) / From Wikipedia, the free encyclopedia
Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу Тӏа́либ аль-ХӀашими аль-Къураший (Ӏаьр. أبُو الحَسَنْ عَلِيُّ بْنُ أَبِيْ طَالِبٍ الهَاشِمِيّ القُرَشِيُّ; гергга 600, Макка, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре[2] — 661 шеран 29 январь, Куфат[d], Рашидунин халифат[2]) — иза Рашидунин халифатан воьалгӀа халиф ву 656—661 шерашкахь урхалладина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ девешин кӀант а, нуц а, цуьнан накъостех (асхьабех) цхьаъ а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ а, шийӀашна гергахь хьалхара имам а ву.
Ӏалий дуьххьара бера хилла божаршна йукъахь ислам тӀеэцначарах. Мухьаммад пайхамара ﷺ аьлла: «Нагахь санна со — Ӏилманан гӀала йелахь, ткъа Ӏалий — оцу гӀалийн догӀа ду».
Ӏалий жигара декъашхо хилла хьалхарчу исламан историн берриг ладаме хиламийн а, пайхамара ﷺ динан мостагӀашца бан безна берриг тӀемийн а. Ӏела халиф хилла Ӏусман вийначул тӀаьхьа. Тайп-тайпана хиламех бахьна хилира Муавийс гражданийн тӀемаш бар, ткъа чеккхенгахь халиф хьавариджийн карах иза валар.
Исламан исторехь Ӏела вуьйцу тайп-тайпана[3]. Суннийшна го иза веа бакъ халифехь тӀаьххьара халиф санна. ШиӀийш Ӏела лору хьалхара имам а, веза стаг а санна, Мухьаммад пайхамарца ﷺ башха уьйр йолу муъмин а, тӀемло а, корта а. Цунна йаздо дукха тӀеман майраллаш а, инзараллаш а. Йуккъера Азин легендо чӀагӀдо, Ӏелин ворхӀ каш хилар, хӀунда аьлча, дӀавуллучу нахана гина, Ӏелин дакъанца йолу цхьаьна эмкалах ворхӀ а хилла, уьш маьӀ-маьӀӀе дӀасайахар[4].