Operační systém Linux založený na Debianu From Wikipedia, the free encyclopedia
Ubuntu ([ʊˈbʊntuː]; зулу маттара ubuntu — адамалла;
«Убу́нту») — операцийн система ю, GNU/Linux юкъе йогIуш дистрибутив ю, проект Debian бух тIехь йина.
Оц проектан коьрта спонсор «Canonical Ltd.» компани ю.
ХIинца проект жигар кхуьуш ю, маьхза юкъарлоно цунна гIо до.
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Canonical-о боха, Ubuntu 20 миллион пайдаэцархоша лелош ю. Ubuntu 4-гIа уггар гIараяьлла веб-серверийн Linux дестрибутив ю. DistroWatch.com версица (2014 шеран) 2-гIа меттехь ю десктопшан юкъехь.
Дукхах дистрибутиван керла версиш хIора эхшарахь арайовлу, исс баттахь кхерамзаллин цӀиндаршца (13.04 тIера дуьн дIа,цул хьалха накъосталла хIора эхшарахь хуьлаш дара).
LTS-версиш, шин шарахь цкъа арахоьцуш ю, царна пхин шара чохь гIо до - серверан варианташна а, ишт десктопан варианташна а.(12.04 LTS-верси тIе кхаччалца, LTS-версишан десктопан гIодаран хан кхо шо дара). Кхин ubuntu доьзалах йолу LTS дистрибутивашна кхана шарахь дуьззана накъосталла до, системи буххан (ядро,Xorg,кхин йолу компоненташ) — пхин шарахь накъосталла хуьлу.
ХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.