Аль-ЯсаӀ

From Wikipedia, the free encyclopedia

Аль-ЯсаӀ
Remove ads

Аль-ЯсаӀ, Аль-ЛайсаӀ (Ӏаьр. اليسع) — иза пайхамар а, Ильяс пайхамаран وصلة= мутаӀелим а ву. Ислаилхошка ваийтна ву Ильяс пайхамар дӀаваьлла чул тӀаьхьа. Къуръан чохь шозза хьахийна ву[3].

Боца хаамаш Аль-ЯсаӀ, Говзалла ...
Remove ads

Биографи

Аль-ЯсаӀ пайхамар وصلة= ваьхна Ильяс пайхамаран وصلة= а, веа исраилан паччахьийн (Иораман, Иегун, Иоахазан, Иоасан) а заманахь. Ильяс шен халкъо эккхийначул тӀаьхьа, иза волавелира дин хьеха кхечу исраилан тайпанашна, цхьамма царех и тӀеийцира. Ильяс сецира оцу хенахь чӀогӀа цомгуш волчу Аль-ЯсаӀан ненан хӀусамехь. Аль-ЯсаӀан нанас дехар дина Ильяс пайхамара وصلة= дуӀа дина, АллахӀа иза товира. Товеллачул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ цуьнан дахар дӀадаллалц Ильяс пайхамарах وصلة= ца велира, цуьнан куьйгаллийца Ӏамийра Товрат[3]. Исламан Ӏелам стага Ибн Касира силсила толлу Аль-ЯсаӀан, ден агӀора иза йоьду Харуне[4].

Ильяс кхелхинчул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ пайхамар وصلة= кхин дӀа кхайкха волавелира бану исраилашка Муса пайхамаран وصلة= дине, амма цара иза дӀатеттира. Бану исраилан тайпанашна йукъахь лилхинчу девнаш бахьнехь ницкъаш гӀелделира, цуо таро йира ассирийхойн схьадаха и латтанаш, дӀабига исраилхойн доккхаха долу дакъа лолле[3].

Аль-ЯсаӀан караматалла йара[3].

Ша валале Аль-ЯсаӀа шен гӀуллакх дӀакхехьа тӀедиллира Зу-ль-Кифлан[3]. Каш ду Эль-Авджамехь, Эль-КъатӀифан йисттехь (СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбуза провинци)[5].

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads