Берсанов, Хож-Ахмед Ахмадович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Хож-Ахме́д Ахма́дович Берса́нов — нохчийн йаздархо, Нохчийн Республикин йаздархойн Бертан декъашхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь белхало.
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Remove ads
Биографи
Цо чекхйакхина ШаӀми-Йуртахь йолу 7-шеран школа. Цул тӀаьхьа иза деша вахара Эна-Хишкахь йолу юртбахаман техникуме. Амма цхьа курс чекхйакхича иза техникум а йитина Соьлжа-ГӀалин политпросветшколе деша вахара. 1939 шерахь Финляндица тӀом болабелира. Политпросветшкола дӀакъевлира, лакхара курсашкахь доьшуш хилларш тӀамтӀе бахийтира. Хож-Ахьмад шен юртехь сельсоветан секретарь хилира. 1942 шарахь иза военно-учётный стол хьаьким хӀоттира.
1944 шерахь нохчий цӀера бехира. Казахстанехь иза Кокчетаван областехь зоотехник болх беш Ӏийра.
ЦӀа дирзинчултӀехь цо Нохч-ГӀалгӀайн культурин министерствехь методист болх бира. Кеста иза методически центран куьйгалхо хилира. Оцу балхахь цо 40 сов шерахь болх бира.
1990-гӀа шерахь дӀадолалуш иза пенси а вахана литературин а, йукъараллин а, политикин а белхан тӀевирзира.
Remove ads
Литературин болх
1930-гӀа шерашкахь иза волавелира нохчийн фольклор дӀайаздан. Амма цо йазйина хьалхара книгаш араелира 1966 шерахь. Цо йазйина 20 сов книга, дукха хьолехь берийн.
Библиографи
- «Хромой скворец» (1966);
- «Приключения Хаджимурада» (1966);
- «Друзья» (1968);
- «По следам отца» (1971);
- «Весна» (1979);
- «Золотое кольцо» (1979);
- «Всадник стального коня» (1983);
- «Раскаяние»;
- «Дружба, скрепленная кровью»;
- «Стальная искра» — Советски Союзан Турпал Хансултан Дачиев дахарех лаьцна;
- «Звери и птицы нашего края» (1992);
- «ГӀиллакхийн хазна — ирсан некъаш» (1990, йуха арахецна 2002 шарахь);
кхиераш а.
СовгӀаташ
- Орден «Сийлаллин Билгало»;
- Къинхьегаман Силаллийн мидал;
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР, Республикин Лакхара Советан Президиуман сийлахь кехаташ;
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь белхало.
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads