Борчашвили, Вахтанг

From Wikipedia, the free encyclopedia

Борчашвили, Вахтанг
Remove ads

Вахта́нг Борчашви́ли (1941 шо, Джуокъал юрт, Гуьржийн ССР, ССРС) — Гуьржийчура самбист а, дзюдоист а (нохчийн-кистӀийн къомара), ССРС чемпионатийн толамхо а, совгӀатхо а, халкъашна йуккъера турнирийн толамхо, ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча.

Боца хаамаш Вахтанг Борчашвили, Шех лаьцна ...
Боца хаамаш Арахьара суьрташ ...
Remove ads

Биографи

Вина 1941 шарахь Джуокъал юртахь. Доьшуш хенахь волавелира чидаоба олу гуьржийн халкъан латар Ӏамадан. Гори гӀалахь йолу хьехархойн институт чекхйаьккхина цо. 1964 шарахь волавелира самбо а, дзюдо а Ӏамадан. 1967 шарахь иза а, Бугдан Багакашвили а хилира «ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча» цӀе йелла хьалхара нохчийн дзюдоисташ. 1978 шо дуьйна иза вара Соьлжа-ГӀалин кӀоштан ДЮСШ коьрта тренер.

Remove ads

Спортан кхиамаш

Самбо

  • 1967 шеран ССРС самбон чемпионат — 1;
  • 1968 шеран ССРС самбон чемпионат — 3;
  • 1971 шеран ССРС халкъийн аьхкенан Спартакиада — 3;

Дзюдо

  • 1966 шеран дзюдон студентийн йукъара дуьненан чемпионат (Прага, 80 кг кхаччалц) — 3;
  • Францехь а (1968, 1970), Италехь а (1969), Японехь а (1970), Польшехь а (1971) хилла халкъашна йуккъера турнирийн толамхо а, совгӀатхо а.

Хьажоргаш

  • Мовлади Абдулаев. Вахтанг Борчашвили. Энциклопедия чеченского спорта (2013 шеран 29 май). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 28 февраль.
  • Vakhtang Borchashvili (инг.). judoinside.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 май.
Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads