Ватса

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Ва́тса, Ва́мса я Ва́ччха — шира хӀиндин пачхьалкх, юьйцу буддийн «Ангуттара-никаян» тексташкахь Махаджанападех 16 цхьаъ аьлла. Пачхьалкх лаьттина Ганг а, Ямуна а хиш цхьаьна кхетачохь. Цуьнан коьрта шахьар хилла Каушамби[1][2] (хӀинцалера гӀала Косам, лаьтта АллахӀабадан 56 км къилба-малхбалехьа). Пуранаш дийцарехь, Ватса паччахьаллин шен цӀе кхаьчна Каши паччахьан Ватсан цӀарах.[3] «Махабхаратехь» а, «Рамаянехь» а дуьйцу, Ватсан коьрта шахьар Каушамби йиллинарг, хилла Чеди паччахьан кӀант Куша я Кушамба цӀе йолуш. Пуранашца, Хастинапур Ганган хиш йохийна, бхаратийн паччахь Ничакшус (Джанамеджаян кӀентан кӀентан кӀентан кӀант), Хастинапур йитина Каушамби охьахиина. Иза чӀагдо Бхасан авторалла долу «Сварнавасадаттас» а, «Пратиджна-яугандхараянас» а. Пуранашкахь иштта ялайо исписка Ничакшун тӀаьхьенан, тӀеххьарниг ву Кшемака паччахь.[4]

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads