Ваьппий

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ваьппий
Remove ads

Ваьппий[1], истор. кистий/гергара кистий (гӀалгӀ. фаьппий) — нохчийн[2][3][4][5] а, гӀалгӀайн юкъаралла[6][7][8][9]. Шен синмехаллин а, административан а йукъ лору дукха хенара дуьйна Мецхал эвла[10].

Боца хаамаш Ваьппий, Кхин цӀерш ...

Ваппий Ӏовха кхача тарлора 17 бӀешарахь, цхьа дакъа Гуьржийчоьнан лаьмнашка дахара, ткъа важа Ӏовха. Ӏовхойн ваьппийн тептарца уьш баьхна Тарш эвлахь. М. М. Зязиковн хаамашца, Ӏовхойн ваьппийн оьздангаллин йукъ ю Мецхалан шахьаран коьрта йуьрт — Эрзи эвла[11].

ЦӀеран бух биллинарг хила тарло олхазар — мецхалг, иза лоруш хилла ГӀалгӀайчохь а, Гуьржийчохь а. Мецхалан йукъараллин доза ду малхбузехь ЖӀайрахьца, къилбехьа Пхийшца, малхбалехь Хамхошца а, Цхьорошца а, къилбаседехьа — араболура аренашка. Къомо Ӏалашдина дийцарехь, Гуьржийчуьра цӀов-тушой лору ваьппех схьабевлла. Географин а, экономикин а хала хьолаша йитийтира шира эвланаш 16—17 бӀешарахь дуьйна, уьш кхалха буьйлабелира арене. Тахана Мецхалан йукъараллин эвланаш дӀакхийсина, еса ю, церан тидам археологаша а, этнографаша а, туристаша а бен ца бо.

Remove ads

Истори

Фаьппи (вабой) юкъараллан цӀеран этимологи цхьаболу историкашна хетарехь Армхин Ӏинахь хевшина йоккхачу юкъараллин топонимах яьлла. Оцу топониман маьӀна до, "мехкан малхбузен декъан бахархой" олий. Хаамчо В. Нальгиевс хоуьйту, цуьнан фонетикин кхиар кхин а хьалхара "боасе" лексемех хилар, цуьнан маьӀна "маьлха-басе". Уьш исторехь бевза юкъараллан цӀерийн варианташца: "боасой/бацой/вобой/ваьппи/фаьппи". У. Г. Дзараховс "фаьппи" дешан маьӀна до "чубаьхкинарш" олий. Кхузахь буйцурш мухажираш бу — малхбузен мехкийн тобанех[12].

Thumb
Владелец этой книги Мухаммад сын Навурби Юрт-Ауховский, его отец Мухаммад, его отец Урам, его отец Дува, его отец Ума, его отец Урам, его отец Муса, его отец Утмиш, его отец Утаби. Их отцы вышли из селения ТӀарш в округе Вабо на высокой горе близ крепости Бурув. ТӀарш - имя их старшего отца. Их первые отцы пришли из вилаята (округа) Шам
Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads