Галиндаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Галиндаш (желт. Γαλινδαι, прусс. Galindi) — Малхбузен-балтийн тайпа. Этнонимо доьхку кхечу балтийн тайпанца голядь, уьш баьхха Протва эркан лакхахь[1].

Этноним а, этимологи а
Этноним галиндаш (желт. Γαλίνδαι) йазйина йу Птолемейн географехь (Жай. 3, кор. 5, 21) малхбаленевропийн тайпанашна йукъахь. ТӀаьхьо галиндаш хьахабо Пётра Дусбургера: цуо йаздо Пруссин цхьаьна латтахь — Galindia, ткъа цуьнан бахархой бахархойх олу Galindi[2].
Лингвисташа меттахӀоттош йу этноним *galind, иза хьалайоьду батийн *gal (литван galas, латышийн gals) «чаккхе, йист»[3]. Иштта этноним галиндаш, голядь (шир.-оьрс. Голѧдь) санна, билгала боху «йистера бахархой» (кху меттигехь — йистера балтийн охьахевшинарш).
Кхечу агӀор хьажча, цара лоруру галиндаш даккхий адамаш, дош «галинд» (прусс. galindis, лит. galìndas) лору гергара лит. galìngas («онда, ницкъ болуш»):
Голядех иэс кхаьчна ткъолгӀа бӀешере оьрсийн халкъан барткхолларехь. Легенда йу ондачу наьртах лацна цӀе Голядь хилла, цуо диг кхосина ткъе итт варша шен лам тӀера. Кхечу версехь, шина вашас—ГолядгӀар кхийсина дигарш дуьх-дуьхьала гунаш тӀера[4].
Remove ads
Истори

Птолемейс хьахийна галиндаш (el: Galindoi — Γαλίνδαι) 150 шо гергга долуш, Балтикайистехь дехачу кхечу тайпанаш йукъахь[5].
«Баварин Географехь» (840 шо гергга) хьахийна йу пхи гӀала галиндийн (Golensizi) цхьанхьа Лакхара Силезехь[6].
Германин тайпанан лангобардин историко Павел Диакона, хьахийна Галинди (Golanda) шен балхахь Historia Langobardorum (790 шо).
1326 шарахь Тевтонийн орденан хронисто Дусбургера Петра, латинехь дӀайаздеш шеш даьхна латтанаш а, тайпанаш а хьахийна Галинди (Galindia) шен бахархошца цхьаьна (Galindite), йаздина иза Къилба Пруссехьйу аьлла, Польшехь долу Мазуран Ӏаьмнашшал лакхахь ду аьлла[7].
Дукха къамнаш кхелхачу хенахь галиндаш кхелхира массо а агӀор. Цхьа дакъа галиндийн дӀакхийтира готех. Цхьа жамӀ оцу кхалхарх хилла Пиренейн ахгӀайренна тӀехь орам galind- хаало фамилешна йукъахь а, топонимашна йукъахь а малхбузен Балтикайистехьчул. Масала, епископ Пруденций Труасан (846—861) дуьненахь цӀе йара Галиндо, хилла испанин галинда, готашцане мухажиралла дина[8]
Remove ads
Хьажа кхин а
- Балташ
- Голядь
- Галиндийн мотт
- Днепран балташ
- Гелон (гӀала)
- Будинаш
Литература
- Вилинбахов В. Б., Энговатов Н. В. Предварительные замечания о западной Галиндии и восточной голяди // Slavia Occidentalis, 1963, t. 23 (Poznań).
- Топоров В. Н. Балтийские языки // Языки мира: Балтийские языки. — М.: Academia, 2006. (Стр. 21—23 посвящены галиндскому языку).
- Топоров В. Н. Балт. *Galind в этнолингвистической и ареальной перспективе // Проблемы этнической истории балтов. Рига, 1977.
- Топоров В. Н. Балтийский элемент к северу от Карпат: этнонимическая основа *Galind как знак балтийской периферии // Slavica Occidentalis, 1980, t. 29 (Poznań).
- Топоров В. Н. Γαλίνδαι — Galindite — голядь (балт. *Galind) // Этнографические и лингвистические аспекты этнической истории балтийских народов. — Рига, 1980.
- Nalepa J. Próba nowej etymologii nazwy Galindia czyli Golędź // Acta Baltico-Slavica, 1976, t. 9.
Remove ads
Хьажоргаш
- Карта расселения народов Европы в IX веке. УНПК Орловский государственный технический университет.
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads