Жуьгтий

самхойх схьадалар долуш къам; Исраилан коьрта бахархой From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Жуьгтий, ЯхӀудий, Ӏебархой (Ӏеб. יְהוּדִים — «йехӀудим», идиш ייִדן/אידן — «(й)идн», Ӏаьр. يَهُود — «яхӀуд», ЯхӀуде йиллина цӀе йу) — иза самхойх схьадалар долуш къам ду, ширачу Исраилан а, ЯхӀудан а пачхьалкхийн бахархойх схьадаьлла долу, дуьненан дуккха а мехкашкахь дехаш долу, амма 1948-чу шарахь дуьйна иштта йолуш йу жуьгтийн пачхьалкх Исраил. Уьш схьакъаьсташ бу жуьгтийн динна йа оцу динах схьайаьллачу культурина а, тӀаьхьалонна а тӀаьхьабазарца. Бабило йийсарбиначул тӀаьхьа уьш бекъабелла яхӀудашка а, самирихошка а. Жуьгтийн дукхалла 2018-чу шар чохь лерича 14,6—17,8 млн гергга адам ду, «Berman Jewish DataBank» ма-бохху; царах 44,9 % Исраилехь Ӏаш бу, ткъа 39 % Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь бу.

Боца хаамаш Жуьгтий, Шен цӀе ...

Жуьгтийн дин дуккха а хийцамашкахула чекхдаьлла историн йохаллехь, къаьсттина ЯхӀудан пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа а, ШолгӀа килс йохийначул тӀаьхьа а, вайн эрин хьалхарчу бӀешарахь.

Ширачу весет чохь «яхӀуди» олучу терминан бух бевзаш бац. Амма и термин йалийна йу динан хьосташкахь а, Библин тептаршкахь а. Оцу хьосташа гойту «йахӀуди» олу термин ЯӀкъуб пайхамаран кӀанте ЯхӀуде йоьрзуш хилар.

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads