Закарийя
исламан пайхамар From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Закарийя́ (Ӏаьр. زَكَرِيَّا) — иза исламан пайхамар ву. Къуръан чохь 8-зза хьахийна ву. Яхья пайхамаран да ву иза.
Remove ads
Биографи
Закария пайхамар волчу заманахь Къудс-ГӀалин килсехь дийнахь а, буса а Далла гӀуллакх деш бара жуьгтий. Оцу килсан гӀуллакххой бара ХӀарон пайхамаран тӀаьхьенах. Цо Исраилан къоман йукъахь шен дине кхайкхар. Ӏимранан йоӀ Марьям кхобуш вара иза, цунна Товрат а Ӏамийнера цо. Ӏиса пайхамар винчул тӀаьхьа. Жуьгташа цуьнан цӀа чу а лилхина вийна иза.
Яхья пайхамар дуьнен чу валарх
Закария пайхамаран а, цуьнан зудчунна Элисан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀ-деле доьхуш вара, шен кӀант валарца. АллахӀ-дала тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхина хилла цуьнга. ТӀаккха къанвелла Закария, бӀе шо долуш хиллачу хенахь, шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъ хиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закария вистцахуьлуш.
Remove ads
Кхин хьажа
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads