ИсмаӀил
исламан пайхамар From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Исма̄Ӏил (Ӏаьр. ُإِسْمَاعِيل) — иза исламан пайхамарех а, Ӏаьрбийн пайхамарех а цхьаъ а, Макка гӀала ваийтина элча а, ИбрахӀим пайхамаран воккхах волу кӀант а ву. Ткъа жуьгталлехь а, насараллехь а Ширачу Весет чохь хьахийна историн стаг лоруш ву иза. Иза ИсмаӀилхойн Ӏаьрбийн тайпанан да лоруш ву, вуьшта аьлча, къидархойн а, набатӀхойн а, Ӏаднанхойн а Ӏаьрбийн. Иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ дедайх лоруш ву.
Remove ads
Дахар дӀайаздар
Къуръан чохь
ИбрахӀим пайхамар шен зудчуьнца Саратца а, шен вешин кӀантаца ЛутӀаца а Бабилера дӀавахара, шен халкъо шеца мостагӀалла лелийначул тӀаьхьа, цара Далла Ӏибадатдаран кхайкхам тӀе ца эцначул тӀаьхьа. Цундела иза Шема-махка дӀа а вахана, цигахь висира. Цул тӀаьхьа Шемахь йокъа хӀоттира, цундела иза шен зудчуьнца Мисаре дӀавахара. Мисар-мехкан паччахьо хаза куц-кеп долу зударий лоьцуш хилла, уьш маре балахь, церан марош бойъуш хилла цо. ИбрахӀим шен хаза куц долчу зудчуьнца Саратца схьакхаьчна аьлла хезча, паччахьна иза шен долахь хилар лиира, цундела цо ИбрахӀим схьакхайкхира, цуьнца йолчу йукъаметтигах лаьцна хатта, ИбрахӀима жоп делира: «Сан йиша йу иза» — аьлла, ша цуьнга ца вейта. Паччахьо ИбрахӀиме хеттарш дина ваьлча, Сарат тӀекхайкхира, ткъа иза паччахь волчу чуйалале, ИбрахӀима дийцира цуьнга паччахьца шена хилларг а, цо иза шен йиша йу алар харц а ма де аьлла (ткъа динехь иза цуьнан йиша йу). Сарат паччахь волчу чоьхьайаьлча, цунна вон дан лиира цунна паччахьна, цо шен куьг кховдийра цуьнга, ткъа Дала паччахьан вонах ларйира иза. Цо цунна тӀе куьг мосазза кховдадо, садукъалора цунна. Цо цуьнга Везачу Деле доӀа дар доьхура лазам дӀабаккха аьлла. Кхузза йухаялийна цо иза, шена иза шайтӀа ду мотталц. Цундела цо омра дира иза арайаккхарца а, «ХӀажар» цӀе йолу шен лай цунна йаларца а. ТӀаккха ИбрахӀим а, цуьнан зуда а, цуьнан йалхо а Шема-махка йухабирзира.
Сарат бер ца хуьлуш йара. Цундела цо хьехар дира ИбрахӀиме ХӀажар маре а йалайе, цуьнга шена доьзалхо а вайта аьлла. ИбрахӀима и кхочушдира, цул тӀаьхьа ХӀажара цунна кӀант вира «ИсмаӀил» цӀе а йолуш. Иза дуьнен чу ваьллачул тӀаьхьа, Дала ИбрахӀимна тӀедиллира ХӀажар а, ИсмаӀил а схьа а эций, Маккара ХьаьжцӀа долчу дӀадига аьлла.
Remove ads
Хьостанаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads