Картлис Цховреба

From Wikipedia, the free encyclopedia

Картлис Цховреба
Remove ads

Картлис Цховреба (гуьрж. ქართლის ცხოვრება, нохчийн маттахь: «Гуьржийн дахар», «Картлин дахар») — гуьржийн махкахь иттех бӀе шо хьалха йаздина Кавказан историн а, библиографин а, географин а жайна. Цу тӀехь гуьржех а, гуьржийн махках а дийцина ца Ӏаш, Кавказера массо а даккхийчу къаьмнех лаьцна а йаздина.

Thumb
Картлис Цховреба

И жайна дукхах болчу историн Ӏилманчаша пайда а оьцуш, лелийна ца Ӏаш, хӀинца а лелош ду. ХӀунда аьлча, цу тӀехь йаздина ду кавказан къаьмнийн Ӏер-дахар а, цу къаьмнашца боьзна историн хиламаш а.

И жайна уггаре а девзаш, кхечу къаьмнашна уггаре а боккха пайда баьлла гуьржийн жайна ду. Гуьржийн къоман дозалла ду ала а мегар долуш.

Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads