Коперник, Николай
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Никола́й Копе́рник (пол. Mikołaj Kopernik, нем. Nikolaus Kopernikus, лат. Nicolaus Copernicus; 1473 шеран 19 февраль, Торунь — 1543 шеран 24 май, Фромборк) — полякийн астроном, математик, механик, экономист, Ренессанс муран каноник. Дуьне мадду вевзаш ву Ӏаламан гелиоцентрически системан кхоллархо ву аьлла. Цо бух биллина хьалхара Ӏилманан революцин.





Remove ads
Коперникас йазйинарш
- N.C. Meditata XV. Augusti anno domini MDXVII., 1517
- Tractatus de monetis, 1519
- Monetae cudendae ratio, 1528
- De Revolutionibus Orbium Coelestium — Нюрнберг, Германия: 1543
Коперникас йазйиначун буьззина гулам арахийцира Хенрик Барановскийс Варшавехь 1854 шарахь латинийн а полякийн а матташкахь.
Виццавалар
Памятникаш
Варшавехь йолу памятник Торунехь Ольштынехь Лодзехь
XIX бӀешарахь Коперникан памятникаш хӀоттира Варшавехь, Краковехь, Торунехь, Регенсбургехь, Ольштынехь, Гданьскехь, Вроцлавехь. Торунехь йуккъера майданехь летташ йу Коперникан памятник. Цу тӀехь йаздина: «Малх сацинарг — Дуьне меттахдеккхинарг»[2].
Коперникан цӀе тиллина

- № 112 химийн элемент — «коперниций»[3][4].
- 1322 Коперник (Coppernicus) жима планета. Планетийн цӀе йукъахь шалха p бахьан ду Коперникан де фамили иштта хилар (Koppernigk, Копперниг). Коперникас ша латинийн маттахь куьг таӀош жима волуш хенахь шен цӀе иштта йазйора: Coppernicus. Шен дахаран тӀаьххьара шарашкахь цо шен кьуг таӀор дацдира Copernicus аьлла.
- Бутта тӀехь йолу кратеран.
- Буттан исторехь хилла Коперникан мур.
- Марс тӀехь йолу кратер.
- Орбитальная астрономическая обсерватория OAO-3 (1972—1981).
- Торунехь йолу университетан.
- Коперникан принципан.
- Вроцлавехь йолу халкъашна йуккъера аэропортан.
Фильмаш, марканаш, ахча
1972 шарахь арайелира полякийн-немцойн историн а, биографин кинофильм «Коперник». Иза йаккхина йара Коперникан 500 шо кхачарн.
Коперникан сурт полякийн 1000 злотый ачхан тӀехь дара (1979 шо). Иштта цуьна сурт тӀехь долуш дукха пачхьалкхаш марканаш арахецнера.
Remove ads
Оьрсийн метта даькхинарг
- Коперник Н. О вращениях небесных сфер. Малый комментарий. Послание против Вернера. Упсальская запись. Перевод И. Н. Веселовского. М. Наука. 1964. Классики науки.
- Приложение: Ретик Г. И. Первое повествование.
Иштта хьажа
![]() |
Nicolaus Copernicus Викилармехь |
- Аристарх Самосский
- Галилео Галилей
- Джордано Бруно
- Кеплер, Иоганн
- Ретик, Георг Иоахим
Билгалдахарш
Литература
Хьжорагаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads